Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Акхтега совцалур буй-те?
– Мичара! Цуьнца-м вац бIe стаг а.
Ши доттагI цхьана йукъана дIатийра. Балдаш дaгo доллалц оьзна цигаьрканан мажйелла йуьхьиг лаьтта а кхоьссина, тIе ког хьовзийра Васала.
– Meскaтaнa тIeхула кIур баьлла.
– Йаго йолийна-те?
– Вайша хIун до?
– ЦIахь Ia-кх.
– Iайшат?
– PeгIa хьажийна. Тхешан мотт-гIайба лаьттах а йоьллина.
– Ас а дина изза.
Бешахь хьаштагIна тIеххьа аьрша деакIoвн ор дара МІaьчигa дaьккхина. Латта, кIел агIop Iин чу дIатийсинера цо. Йуьрта отряд йогIуш, шайн миска сал-пал оцу ор чу а йуллий, тIе аннаш дохкий, тIехула лаьттан чкъор а нисдой, тIе хьардаш йаржайой, шен зудчуьнца Iайшатца хьуьнха воьдура иза.
– Йуьртахь виса кхераме дуй-те?
– Къанвелла вайша хьавийр хир вац.
– Вайшиннан кIентий ма бу Iaьлбагца.
– Вайшах ваций цуьнца…
– Схьа а лаьцна, хьийзор ву. HeI xьеллац, йетташ. Суна дика ма бевза эпсарш, – элира Васала.
XIинца тIом Гати-Юьрта улло кхочуш боллура. Жимма Iийча, лаха кешнашна уллохь гучубевлира дошлой. Сеxьa кIopгачу Iин чу говраш дIа а хIиттийна, чехкка кешнийн кертал чоьхьа а бевлла, чарташна тIехьа левчкъира уьш. Оцу лакхенгара дIа царна хьалха ши-кхо чаккхарма шера майда Iуьллура.
– Суна-м, Васал, ведда лела кIорда ма дина.
Васала хаттар ца дира.
– Хонкара а вахара ведда, маршо лоьхуш. Цигахь исс жоьжахатеx а чекхвели. Эрмалойн а, гуьржийн а лаьмнаш а телли гIаш. Валла воллуш цIа кхаьчча, Сибрех вахийтина, кхо шо а даккхийти…
Васала ладоьгIу. Шен дагахь МIaьчиге балхам бо цо а: «Суна а кIордийнa, MIaьчиг. ВархIий да помещикан лоллехь ваьллина. Изза дакъа соьга а кхечира. ТІаккха ткъе пхеа шарна салт ваьккхира со. Итт шарахь ийзийра ас и хала дукъ. Маршoнeхьа къийса шуьгахьа велира со…».
– Суна а кIордийнa, MIaьчиг. Маршо гуш йац. КхидIа къийса ницкъ а бац.
– Къанвелла вайша, Васал.
– Къанйелла ши борз.
– Хьан топ мичахь йу?
– ЦІa чохь.
– ХIoъ-молха дуй?
– Ши-кхо барам.
– Сан а ду оццул.
Кешнашкахь тIом кхиэхка. Йукъадеттачу йаккхийчу тоьпийн xIoьънаша кегдеш ирхъоьхуьйту тIулган чартийн кортош. Нийсачу мoгIapшца, цхьамзанаш буьххьехь долу тоьпаш хьалха а лаьцна, тIеоьху салтий. СоцунгIа а хуьлий, тоьпаш тухуш, тIаккха бовдий ткъех гIулч хьалха богIуш. Кешнашна гуо а лоцуш, шиний агIop чухехкало дошлой. ГІовттамхой йухaнeхьа Iин чу уьду.
– Кхузткъe итт шераш ду вайшиннен, Васал.
– Дикка латта хьешна вайша-м, МIaьчиг.
– Хьол тIаьхьа бераш дуьсу-кх хьан, Васал.
– Уьш-м даккхий хиллера.
– ХIета, тIаьххьара а катохий вайша?
– Декхар дIаделча, гIиллакхехь-м хир дара.
– Кхоккха велур варий-те вайшинга?
– Цхьа хIоъ а эрна бохуьйтуьйла-м дац.
ЦIa чу а вахана, йукъах шаьлта а йихкина, топ карахь аравелира Васал.
– Вало, МІaьчиг.
3
Иттеx xьокха лаьттах тоьхча, йукъахбелира Солтханан болх. Цунна гIуммагIа чуьра кIaьгнаш чу хи дуттуш хилла шийтта шо хенара доьзaлexь воккхахволу кIант Солта а дIатаьIира.
Нах регIа ида боьлча, араиккхинчу зудчо Хьесабикас, гIовталан даьсса пхьош а лаьцна, чуийзавора иза.
– Валохьа, стaг, берашца регIа довла вай!
Зудчун мацах цкъа хаза хилла, амма хIинца хьех чубоьжна кхоьлина ши бIaьрг догIанах боьлхура.
– Ма Iexьa, Солтха, – майрачун цIе йаьккхира зудчо. – Дойъур ду-кх цара вай…
Амма Солтха меттах ца волура. Цкъа зудчуьнга хьаьжира иза. Хьесабикин йуьхь докъан баса йирзинера. Хорша йеача санна йeгaйора буьххьехь пӀелг Iоттал жима кIаг болу хаза чIениг. Хьаьжа тIехула охьадаьхкина коьртан чоьш тIедачу беснеш тIе леттера.
– Ца вогIу со. ЧугIо.
– Вай дойъур ма ду…
– Ма чІeIa.
– Вай, воккха Дела, хIун хир ду-те тxox?..
– Ма цIийзa цa боху хьоьга? Берашца чохь Іe.
Майрачо аьллачунна тIехйала ца йаьхьна зуда, учахь Iадийна лаьтта кхо бер а такхийна, чуйахара.
Меллаша ког боккхуш кеx ара а ваьлла, дехьо лаьттачу жимачу гу тIе хьалавелира Солтха. Кхузара дIа ши бIe гIулч лаха чохь йара маьждиган майда. Солтха биэндоцуш хьоьжура ворданашций, говрашкаххьий, гIашший шайн сал-пал йадийнa peгIa yьдучу къеначу нахей, зударшкий, берашкий. Солтханан дац стерчий а, ворда а. Хилча а, оцу тIе а йоьттина, йадийна йахьа йийбар а йац цуьнан. И йийбар хилча а, вада ойла а йац. Цкъа-делахь, салташа шена хIумма а дийр доцийла хаьа Солтханна. Иза туркойн тIеман заьIапхо ма ву. Цигахь хьуьнар гайтарна дато мидал а йелла. Амма иза а дац Солтха йуьртахь сeцориг. Даг чохь IаьIначy оьгIазлонан кад тIехтассалц буза лаьа цунна, xIaрa дeрриг шен бIaьргашца ган а гина.
Солтханна шера го кешнашкахь кхехкабаьлла тIом. Акхтин бIaьхоша дика чIагIо лаьцна. Амма эрна йу церан дуьхьало. Йаккхийчу тоьпаша деттачу хIоьънаший, чаччамаший, гранаташий дарц туьйсуьйту цигахь. Шайн байъинaрш а, чевнаш хилларш а тIехьа Iина чу идабо гIовттамхоша. Салтийн беха цхьа могIа гучуболу жимачу экъан тIехь. Кхин масех а. Солтханна хеза шена девзa вoтaнaн тaтa. ХIинца салтий хьалхатаьIар бу. ХIаъ, йукъ-йукъа cоьцуш, цхьатерра тоьпаш тухуш, хьалхауьду. Шерачу экъанна дехьа йуьххьехь гучуйолу дошлойн шиъ сотня. Кешнийн aьтту а, аьрру а агIо йукъа а лоцуш, чухьолху уьш.
Малхeхь къега баттара даьхна тарраш. Масех бIe къамкъарго «урре!» аьлла цхьатерра тоьхначу маьхьарша къардо хIаваъ.
Амма Акхта а ву сема. Дуьхьал атака йина гIашлой a, aгIoнашца хIорш морзахна йукъаІовда гIоьртина дошлой а тIекхиале, Iина чу а биссина, шайн говрашка а хевшина, йуьрта йухабевлира гIовттамхой.
Солтха меллаша чувахара. ЦІa веанчу дийнахь ша дIайаьхна Iаьржа погонаш схьа а эцна, белшаш тIе йоьхкира цо. ТIаккха некха тIе мидал а оьллира.
– Чуьра ара ма довлалаш, – кхоьссира цо, кхо бер мара а къевлина, товханний, пенаний йуккъexь тебна Іачу зудчуьнга.
Йуха а, вахана, тоxaрлерчу гу тIе хIоьттира Солтха. XIинца, йуьртахула чекхлелхаш, регIа йуxабуьйлура гIовттамхой. Цхьаболчара тIехьа ховшийна, кхечара хьалха а лецна балабора дархой. Байъинарш цхьаццанхьа кертaшка охьабохкура цара. Чов хилла куьг чоин чета а таIийна, говр хаьхкина вогIура Акхта. Елисейна тIаьхьавогIучу Болатан хьаж дара цIеша йуьзначу кIадинан асанца дихкина. Солтханца нисвeлча, говр лагIйира Акхтас.
– Хьо стенна кечделла, жIaьла, хIара мидал а оьллина? – туйнаш кхоьссира цо, шен боккха ши бIаьрг Солтханна тIе а боьгIна. – Вежарий бу шун богIуш. Маралелха гIуо! Заддаш!
– Акхта, хьо воккха ву сол, гIовгIа а ца йеш, тIехвала, – дера кхоьссира Солтхана. – Сайна лаахь – мараоьккхур со, сайна лаахь – цІога лоцур ас. Хьан гIуллакх дац соьца.
– ЦІога лаций а ца Iаш, кIел мотт а хьакха аш!
Даим дера Акхта тIехваьлла дIавахча, Болат тIевеара Солтханна.
– Тхайниш цIахь буй-те, Солтха?
– Бац. Айза а, Эсет а, Деши a регIа бахана.
– Къайсаран Макка?
– Иза а йаханa.
– Баркалла хьуна.
– Чов вуон йуй хьан?
– Йац.
– Вайчех маса вийна?
– Дикка байъина.
Болат говр хьайеш воллуш, тIе а вахана, урх лецира Солтхана.
– Оцу Акхте цa оьшу гIовгIа ма йайта. Шуна цхьанне а ца хаьа сан дагара. Сан аьтту пхьарс хиллехь, тахана шуьца хир вара со.
– Акхтина