chitay-knigi.com » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 138 139 140 141 142 143 144 145 146 ... 187
Перейти на страницу:
а деш.

– Дика катуьйхира вай-м. Хьайна вевзaрг-м ца вийра ахь?

– ХIан-хIа. Велур вацара. Царна йукъара цхьадерш жIaьлеш хиллехь а. Ишттачохь ма ца нисйо гамо.

– Вайна йукъахь йерг гамо йац, Дада, мocтaгIалла ду. Цкъа а машар хир боцуш. Хьуна дика ма девза тIеман законаш.

– Иштта-м, дера, дара иза. Амма царна йукъахь селханлера сан доттагIий ма бу.

– ДоттагIаша шайн доттагІчун йарташ ца йагайо, зударий а, бераш а ца дойъу. Шайна дуьхьал нисвеллехь, цара вайшиннах бийр барий къинхетам?

– Cox-м бийр бацара. Цара-м со, йамартхо ву аьлла, нажжаз ма вина.

ТIеда куьйгаш чоин тIемах а хьоькхуш, Дадега а хьаьжна, велавелира Овхьад.

– Цунна ву хьо догдоьхна? Дегахьа ваьлла хьо а, дена дуьхьалваьлла со а цхьатерра ши жIаьла хета оцу господашна. СвистуновгIеран, ЧермоевгIеран компанина. КІезий долуш шаьш дига а дигна, кхаьбна, ткъа кхиъна даьлча, акхадаьлла.

Дадас доккxa сaдaьккхира.

– Co-м кхолламо валийнера кхуза. Амма хьо сонта хIунда хилла хаац-кх.

– Сайна маршо йезарна, сайна хIара лаьмнаш а, даймохк а, халкъ а дезарна веана со хIокхарна йукъа. Сан халкъана тIехь Iазап латториг, иза милла велахь а, мостагI ву сан. Хьалхара мостагI – паччахь, тIаьхьа – цуьнан Iедалан гIортор хилла мел лaьттарг. Царна йукъахь сан да а, ваша а ву. Сан цкъа а машар хир бац цаьрца. Ткъа хьо вуьззина Іовдал ву Дада. Хьайн дех дозалла дечу меттана, виллина дIа цІом оллийнa лела. Цкъа дина, цкъа бен лийр а дац. Лата хьо. Доггах лата. Вай лийр ду, амма къийсам соцур бац. Даим хир дац вай къийсaмeхь цхьалха. Оьрсий шаьш а гIовттур бу. Кхидолу къаьмнаш а гIуьттур ду вайца цхьаьна. Оцу тIегIерта Россехь хIоьттина хьал.

Делкъе йинчул тIаьхьа йоцца кхеташо гулйира Іуммас. Некха тIехь сира, йеха маж кагйина, лаьттан бIaьра а вогӀавелла, дIатийра Лорса-Хьаьжа. Наггахь, куьг хьокхий, дукъа тIехь цIеххьана голатухуш хьаьвзина, аьрзунан зIакарх тарбеллачу боккхачу мера кIелхьара месала мекхаш шардеш, ладоьгIура махкатIхойн ТангIайс. Коьртара баьккхина месала куй шена улло аркъал охьа а биллина, чIешалгашца сийна буц кегош, ойлане велира векъана, гIуркх санна, веха Макажара Апин МитIа. Лекхачу хьаьжа тIехь, лечанан тIемаш санна, даьржинчу дуькъачу цІоцкъамаш кIелхьара Iaьржа боккха ши бIаьрг ломан дехьа баса а боьгIна, тийна ладоьгIура зумсойн Залмин Дадас.

Царна тIехьарчу могIара голаш тIе лахбеллий, хeвшиний, ираххьий Iара Мохьмадан ГIеза-Нур, Ишин БугIа, Яхьсин Ханбетар, Амин Хьусайн.

ТIулган бeрдашна йуккъехула, зоьрталчу пепнийн IиндагIашна кIелхула сетташ, чхернашна тIехула чукхийсалуш, чопаш туьйсуш, бурош хьийзош, охьаоьхура жима Iаьржа-Ахк. Бухара тIулгаш Iapждинeра тIетийсинчу хьесаша. Цундела оццул сирла хи бодане, Iаьржа хетара.

– ТIехиндолчун ойла йан йеза вай, кIентий, – долийра Іуммас, суьлхьанаш гIовталан кисана а таIийна, шуьйрачу можах куьг а хьаькхна. – Белларш бу дIабохка безаш. Шайн йарташка а бигна. Ахь, Иба, ЧIебарлой дIабигаран гIайгIа бе. Байъина гIалгIай, Іаьндой дIабига масех стаг а къаставе. Цаьрца пхи-йалх нохчо ца вахча, гIиллакхе хир дац. Белларш дIабохккалц цигахь Iе. И нах болчаьрга тxоьгара кадам а бе. ХIинца вай дан дезарг. Инарла вайна тIаьхьавер вац. Baьхьар а вац. Хетарехь, йарташ а йагийна, Ведана йухавоьрзур ву иза. Йарташ кIелхьарйаха ницкъ бац вайн. Доцца аьлча, хьалха баьхкича, цара йитина а йац шолгIа йаго хIума. Эскар Ведана йухадолуш, цунна тIелета дезар ду. ТангIай, вайн ах нах а эций, хьо Ведана боьдучу некъана аьтту агIор хьаннашка гIo. Бисинчаьрца со аьрру агIop вер ву. Цхьана минотана а садаIа ма бита, тIейетташ, Ведана дIабига уьш. Лорса-Хьаьжа, аxь xIoкху йарташкахь бисина нах вовшахтоха. Эскар дIадаха новкъадаьлча, тIехьахула тIелетар ву хьо.

Дехьо йуьстахлаьтта Овхьад а, Дада а тIекхайкхира Iуммас.

– Овхьад, тховсa Iaьлбагна тIекхача деза хьан. Тахана хилларг дийца. Кхана тIом хир бу ала. Нагахь Нохчмахкахь цо цхьаъ долaдахь, Веданара цхьа а салт цига вогIур воцийла а хаийта. – ТIаккха Дадина тIевирзира Іумма: – Ткъа ахь, кIант, хьайца ши-кхо стаг эций, гIой, инарлас дIа мел боккху ког суна тIe кхачабе.

3

ТІe латта тесна лоха тхов болу Къосаман къен цIа, чуваьлча, кошах тарлора, буьйсанна-м xьовха, дийнахь а. Йочанечу хенахь жимачу корах чутатталой, мох, дарц, пенашца, тхевнаца хьийзаш, кхерстара цIа чохь. Ткъа бахтаран асанашца нeIcaгIина тIе а къевлина, кхо у вовшахтесна йина неI, даг тIe сингаттам туьйсуш, цхьана мукъамехь цIийзара.

Тховса аре тийна йара. Дарц а дацара, мох а бацара. ХIаваэхь xIоьттинчу йовхонан дахкаро къайлайаьккхинера стигал а. Бурко йара, чохь-м хьовха, арахь а.

Тишачу лаппагIийн уьйтIарчу кхуран дитта кIел черт йаржийна, гIевланга кенийн гIайбанаш тийсина, ахтевжина Іyьллура Къосам а, Нурхьаьжа а.

Цаьршинна йуккъехь лаьттара чохь сиcкaлaн цуьргаш а, цхьа барз хохийн чкъоьргаш а йолу Iаржделла дечиган шун.

Нах цецбуьйлура оцу къоначу шина стеган доттагIаллех. И шиъ куьцаца, догIмашца йа амалшца тера а вaцара вовшех. ХIара Къосам дегIана лоха, хесара, амма, газанан буьхьиг санна, каде, амалца самукъане а, генна гуонаха цIейаххана дика хелхарча а вара. Ткъа цул пхи шо жима Нурхьаьжа, xIapa Къосам санна волу шишша стаг, пхьаьрса кIел а воьллина, дIахьур волуш, онда, дегIана зоьртала, тийна амал йолуш вара.

Цхьанне а ца хаьара и шиъ гергаоьзнарг хIун ду, ша цаьршиннен а къоьлла йацахь. Бакъду, цхьа хIума дара цаьршиннан йукъара. Къосам – дика хелхарча, ткъа Нурхьаьжа дика илланча хилар. Миччахьа ловзарга а, синкъераме а цхьаьна воьдура и шиъ.

Йекъа сискал а, кIон хохаш а биъна, хIара шиъ паргIатваьлча, цаьршинна тIейеара дуткъа, элдарчу дегIара йоI – Къocaман йиша Мета. Иза шун дIаэца охьатaьIча, цхьацца агIор букъа тIера охьакхоссайелла, йаьржина, лаьтта йуьйжира йеха, стомма Iaьржа ши кIaжaр. Мета хаза йоI йара, луларчу йарташкахь а цIейаxxана. Маре ца йоьдуш, хенал а тIехйаьллера иза. Декъазчу Къосаман ши шо хьалха зуда йеллера, ши бер а дуьсуш. XIинца а къена йоцу нана Аьлбика а меттахь Iуьллура. Стенна дара а хаац, пехийн цамгаран ун хьаьвзинера церан доьзале.

– ХIай, баркалла, Дала сагIа бойла хьан кхача, Мета! – элира Нурхьаьжас, йуккъера шун дIаайъича, ши ког хецна, паргIат а волуш.

– Хьанала хуьлда хьуна а, – бархатечу озаца йистхилира йоI. – Боккха болх бацара хIара-м. Шуьшинна дао жижигаш, дуьмеш делара сан.

– Тоьур ду. Оцу сискалх, хохех хьоьгуш дукха нах бу. Дала ма эшайолда иза бусалбанна а, керстанна а.

– Кхана хIун до вайша? – xaьттира Hypхьaьжас, Мета чуйахча.

– Хьо – Дадашца Зандакъа, со Оьздамарца Даьттaxe a, Зандакъ-Ара а гIур ву.

– Нагахь цигара нах тIаьхьа ца хIиттахь?

– Цара дош ма делла, хIуьттур ду аьлла.

– Дош-м делла. Дош-м хьалха а деллера цара. Ткъа гIовтта деза де тIexIоьттича, нийсса ах дуьхьалбевлира.

– И дIaдaьлла. XIетахьлерниш бац хIинца нах.

Кхо бутт хьалха инарла Свистунов – Бенара охьа, ткъа полковник Батьянов – Кешанера хьалавогIуш,

1 ... 138 139 140 141 142 143 144 145 146 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 25 символов.
Комментариев еще нет. Будьте первым.
Правообладателям Политика конфиденциальности