Шрифт:
Интервал:
Закладка:
24
Кхузахь Я. С. Абросимовс хьахийнарг Н. А. Добролюбовн «О значении наших последних подвигов на Кавказе» статья йу. Иза дуьххьара зорбатоьхнера «Современник» журнала тIехь (1859, № 11).
25
Я. С. Абросимовн йозанашкахь йалийна коьрта факташ схьаэцна оьрсийн прогрессивни публицистан А. Абрамовн 1884-чу шарахь № 1 йолчу «Дело» журнала тIехь зорбатоьхначу «Кавказские горцы» очерка тIера. И очерк йуха зорбaнeхь арайаьлла 1927-чу шарахь Краснодарехь.
26
XIинцалерчу терахьца – 1877 шо.
27
Хьаьвхье – ломан малх тIе ца кхета aгIо.
28
Лакхахь далийна кхо масал Я. Абрамовн «Кавказские горцы» очерк тIера схьаэцна.
29
Албай – туркойн эскapexь полковникан чин.
30
Солтмурд а, Сулиман а ведда Турце вахар чIaгIдо А. П. Свистуновс (А.С. Очерк восстания горцев Терской области в 1877 г. «Военный сборник». Т. CCXXX, № 7, 1896 г.). Изза концепци йу революци хилале хьалхарчу a, coветски а историкийн талламашкахь. Амма Солтмурд ца вахана цига. И эладита а даьккхина, лечкъина цIахь висина. Бенахь дIавоьллина каш ду цуьнан. Сулиман Сирехь дIакхелхина. (Автор).
31
Iаьлбаган вeжaрий Iеламха, Iала-Мохьмад, Iарапха лецна доьзалшца цхьаьна ворхI шарна Сибрех ссылке баxийтира. СултIи Iедална кара ца вахара. Иза ворхI шарахь обарг лийлира, тIаккха лецира. Iала-Мохьмадан жимахволу кIант Ахьматгери хIинца а (1987 ш.) волуш ву. Цуьнан 94 шо ду, Симсараxь веxаш ву иза. (Автор).