Шрифт:
Интервал:
Закладка:
ГIaлгIазкхашний, нохчашний йукъахь лаьттачу мостагIаллин бахьанаш берхIитта шо хьалха чекхбаьллачу дуккха а шерийн тIамах дохку бахахь а, цхьана агIор иза иштта делахь а, амма коьрта бахьанаш правительствон социально-экономически политико кхоьллина.
Цунна масалш дуккха а ду…
Хууш ма-хиллара, гIалгIазкхийн областашна правительствос шатайпа автономи йеллехь а, церан йукъараллехь мелла а демократи йелахь а, амма цигара политически а, граждански a Iедал хьолахошна аьттонна а, могIара гIалгIазкхий таIийна латто а, царна йукъахь феодальни порядкаш дарйан а лерина ду. Доцца аьлча, гIалгIазкхийн сослови классашка йекъало. ХІeттe a, шайн политически, экономически, социальни хьелашца уьш дукxe-дукха лакхахь лаьтта оьрсийн белхалочул а, ахархочул а. И хьелаш шен цIийца оьцу гIалгIазкхичо: иза декхар ву паччахьнa мyьтIахь хила, шен говраца, герзаца, барзакъца даим дIа эскaрeхь гIуллакхдан, чоьхьарчу а, арахьарчу а мостагIex импери ларйан. Амма и дерриг данне а дац гIалгIазкхи паччахьан караxь къера, аьрта герз ду боxург. ГIалгIазкхийн лахенаша даим дакъалаьцна помещикашна дуьхьал ахархойн хуьлучу гIовттамашкахь а, тIемашкахь а. Ткъа кху тIаьххьарчу хенахь масазза бунташ хилла церан цхьацца областашкахь?!
ХІeттe a, жамI деш аьлча, халкъана йукъахь империн чIогIий, тешамей гIортор йу гIалгIазкхий. Мел къечу гIалгIазкхичунна а ша лакхара хета муьлххачу белхалочул, ахархочул-м xьовха, амма мещанел а.
Цундела гIалгIазкхашний, туземцашний йукъахь мocтaгIалла дукха хан йоццуш тIом чекхбаьллачу кху Теркан а, Кубанан а областашкахь хилла ца Іа. Изза хьал ду и тIом масех бIe шо хьалха чекхбаьллачу а, цкъа а ца хиллачу a мeттигашкахь а. Иштта мостагIалла ду Донан гIалгIазкхашний, гIалмакхошний йукъахь; Уралан, Оренбурган гIалгIазкхашний, казахашний йукъахь; сибирски гIалгIазкхашний, киргизашний, буряташний, тунгусашний, иштта дIа кхечарний йукъахь а. Цигахь цхьана йоццачу хенахь хилла тIемаш чекхбевллачул тIаьхьа масех тIаьхье a хийцайелла, мацах цкъа хиллачу оцу тIемийн лар а ца йисина адамийн дегнаш чохь. ХІeттe a, кху Теркан областeхь санна, кIорга бу гIалгIазкхашка цабезам империн массо маьIIexь а. ХІappa кeпaш а, чулацам а болуш. Цo гойту и мостагIалла хьалхалерчу тIамах дисинарг цахилар. ХIара хIинца берг кхин тIом бу, амма – социальни чулацам болуш.
Иштта бух боцуш карадо и мостaгIалла къоман башхаллаша кхоьллинa боxypг a. Ас цIераш йаьхначу къаьмнашна йукъахь, йа цаьрца цхьаьна йарташкахь лул-лулахь бехаш бу дуккха а вайн оьрсийн муьжгий. Уьш кху Теркан областeхь а бац кIезиг. Амма хIунда дац туземцийн оцу муьжгашца мостагIалла а, дов а? Уьш хIунда беха машаре, вовшашца бертахь? Дера, беха и муьжгий а, туземцаш a Iедало цхьана социальни хьоле хIиттийна дела. Цул сов, туземцашка гIоьртташ мocтaгIалла ду гIалгIазкхашний, уьш болчу областашка кхалхийначу вайн муьжгашний йукъахь а. Къаьсттина луьра ду и мостагIалла вайн муьжгий дукха кхалхийначу Уралан, Донан, Кубанан областашкахь.
Кхалхийначу муьжгийн а, бухарчу гIалгIазкхийн а йукъаметтигаш туземцашний, гIалгIазкхашний йуккъерчех тера хиларо а вайн aьтто бо и гIуллакх нийса къасто. Оьрсийн муьжгий а, туземцаш а цхьатеррачу экономически, политически хьолехь бу вайн. Оцу хьелаша цхьана лагере нисбина уьш мостагIаллица хьуьйсу Iедало массо агIop a шайл лакхарчу дарже хIиттийначу гIaлагIaзкхашкa a, цаьрца цхьаьна, Iедале а.
* * *
Коьртачу бахьанех шолгIаниг кхузара вайн урхалла ду. Кхузарчу йартийн урхалла, полицина йелла бакъонаш, туземцашна таIзардар, школаш цахилар, иштта дIа кхидерш а. Оьрсийн губернешкахь доцчу тайпана законаш хIитторо a xIокху туземцашний, дисинчу халкъашний йуккъе зайлаш туху.
Нагахь санна, муьлхха а йукъаралла шина декъе а йекъна, Iедало цхьаннан экономически, граждански бакъонаш хеда а йина, вукхуьнниш лакхайаьхча, оцу шинненна йукъахь безам а, барт а, машар а хир бу бохург aьттехьа а ма дац. Хьалхарниг даим а хьогIе, цабезамца хьоьжу шел лакхарчу дарже хIоттийначу шолгIачуьнга. Ткъа шолгIаниг а тешна хуьлу ша хьалхарчул массо а агIор лакхара хиларх. Цундела и ший агIо вовшашка мостагIаллица хьоьжу. Хьалхарниш – ма-хуьллу и бакъонаш цхьанийca хилийта, ткъа шолгIаниш – и шайна сов йелла бакъонаш шайгахь совцо гIeрташ. Иза къаьсттина шера го хIокху Теркан областeхь.
Схьалоцур вай «Йартийн йукъараллин положени». Хууш ма-хиллара, станицийн атaманаш гIалгIазкхаша шаьш хоржу, ткъа туземцийн йарташкахь йуьртдай Iедало хIиттабо. Цул сов, Iедало хIиттийначу туземни йуьртдайн кара тIех шуьйра бакъонаш йелла. Станицашкахь муьлхха а гIуллакх, гIалгIазкхийн гуламехь дийцаре а дой, сацам тІeоьцу, ткъа туземцийн йарташкахь и гIуллакхаш йуьртдас, цхьаьнгге а ца хоттуш, шеггара дерзадо. Йуьртахь Iедал а, полицейски а, суьдхо а ву йуьртда. Цо диннарг нийса ду Iедална. Ткъа оццул шуьйра Iедал кара а делла дIaxІоттош верг хьекъале а, догцIена а, хьанал а, халкъо лоруш, сийдеш a стaг хила ма веза. Ишттаниг полицис цкъа а ма ца хIоттаво. Йуьртдай хIиттор пурстоьпна караделла. Областан начальникан-м xьовха, округан начальникан а хан ма йац уьш хержа а, хIитто а. Ткъа пурстоьпо ца лоьху баккъал а йуьртдай хинболу, халкъо лоьруш болу хьанала нах. Ша йарташка вахча, шена гIулакх динарг, шена хьаставелларг хIоттaвo цо. Йа, вуьшта аьлча, ша чукхайкхинарг, шена тIe мотт беанарг, нах цабезарг, нахана а цавезарг, эхь а, оьздангалла а хIун йу ца хуу нах. Йаpтaшкахь Iедал шайн каракхаьчча, оцу наха шайна луъург ма до. Шайна безачаьргахьа, гергaрчаьргахьа озабезамаш бо, шайн мостагIех бекхамаш оьцу. Дукха хьолаxь, йуьртдай шаьш къуйн гIеранийн членаш хуьлу. Бакъболу зуламхой Iедалх лечкъабо, бехкебоцчу нахана таIзарш дойту. Уьш вайн Iедало хIиттош болу дела, цара лело харцо вай къoбaл а йо дела, уьш a, Iедал а цхьаъ лоруш, Ieдaлeхьа безам бац туземни бахархойн.
Оцу тIехь цуьрриг харц а бац уьш. Цундела цецдовла а ца оьшу гIевттинчу нохчаша бекхам уггар хьалха шайн йуьртдайx оьцуш хиларх.
* * *
Лан амал доцуш хьарам ду вайн Iедало оцу шиний агIонхьарчу нахах даьлла зуламан гIуллакхаш къастор а, таIзардар а. Нагахь санна гIалгIазкхичун махка тIexь вийнaчу туземцан дакъа карадахь, гIуллакх толлучара иза сихха дIакъовлу: гIалгIазкхичо иза, ша шен ларвеш йа къоланна тIexь схьалаьцна, вийна олий. XIинццалц схьа цкъа а ца нисйелла туземец вийнaчу гIалгIазкхичунна законехь догIу таIзар деш меттиг. Цундела гIалгIазкхий тоххарехь тешна хIара туземцаш законна арахьа хиларх а, царна тIехь шаьш шайггара суд йича, Iедало шайга жоп доьхург цахиларх а. Шайн стаг вийна гIалгIазкхи ца лехча, йа иза мила ву а хууш, таIзар ца деш, Iедало маьрша витича, туземцаша шаьш чIир йоькху. Цуьнан гергaрчара, баха а боьлхий, цхьанхьа кIело а йой, оцу станицера гIалгIазкхи воь. ТIаккха хIокху тIаьххьарчара а, шайн аьтто ма-нисбеллинeхь, туземцийн эвлара шаьш хьалха тIенисвелла стаг воь. Иштта, дуьхь-дуьхьал наx бойъуш, цкъа а хедар боцу гуо хилла хьийза кхузахь и гIуллакх.
Амма Теркан областерчу туземцашкара зулам даьлча, царна таIзардаран санна йолу кепаш Российски имперехь кхечахьа цхьаннахьа