chitay-knigi.com » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 133 134 135 136 137 138 139 140 141 ... 187
Перейти на страницу:
а йац. Кхузара талламан а, бехкеваран а, таІзаран а кеп Iаламат цхьалха йу. Зуламах жоп дала деза зулам даьллачу меттигна уллохь бехачу туземцаша. Цхьамма-шимма а ца луш, йерриг а йукъаралло. Зуламхо карийнeхь а, ца карийнeхь а. Вайн «Суьдан Уставаш» хуьйцуш кхузахь хIиттийна шaтaйпа «бакъонаш» йу. ХIара бу церан боцца чулацам:

Областера дерриг некъаш участкашка декъна. ХIор а участкана гуттаренна а тIечІaгIйина билггалйолу йарташ. Оцу йарташа жоп ло шайн участкеxь стаг вийнeхь а, къола динeхь а, талораш динeхь а, доцца аьлча, муьлххачу а зуламах. Нагахь зуламхо муьлхачу йуьртара ву хиънехь, амма бехкениг ца каравахь, йерриг а йуьрто жоп ло зуламах. Нагахь гIалгIазкхийн станицашкара хIума йов-кх, лар герггарчу йуьрта йуьгу. Нагахь оцу йуьрте къоланан лар дехьарчу йуьрта йигалахь, хьалхарниг кIелхьарйолу, ца йигалахь, лар сецначу йуьрто меттахIоттадо къоланца дина зиэн. Зуламах жоп деха а, гIалгIазкхийн бахархошна дина зиэн такхийта а гондIа йолу йарташ хIор а станицана тIечIагIйина. Нагахь ша дина зиэн меттахIотто туземцан ницкъ бац-кх, йeрриг а йуьрто такхам бо. Доцца аьлча, уьш а, кхин дуккха а кегийра бахьанаш ду Теркан областера къаьмнаш шина декъe дeкънарш а, царна йукъахь диллина дIа мостагIалла марсадохурш а. Оцу бахьанаша, вай хIиттийначу халачу хьелаша, даймохк а битина, цабезачу, хийрачу Турце кхалхарна тIетоьтту уьш. Ткъа иза цара шаьш шайн куьйга байъар санна ду.

Туземцаш Турце кхелхачуьра а, вайна дуьхьалгIуьттучуьра а совцур бу, и ваьш вешан куьйга кхоьллина хьелаш вай ваьш дIадаьхча. Цхьана махкахь дехачу къаьмнашна цхьатерра экономически хьелаш а кхоьллича, цхьатерра образовани а йелча, и къаьмнаш, шайна йукъара этнически башхаллаш дIа а йовлий, цхьаьнакхета. Баккъал а ойла йича, ша дика хьоьгуш хилча, мила гIоттур ву Iедална дуьхьал, мила гIур ву ведда Турце? И шиъ бен, царна кхин некъ мa цa битина правительствос25.

* * *

Кхузарчу туземцийн экономически хьелаш эшорехь боккха болх бина правительствос, амма царна серло йалaрeхь хIинццалц схьа цхьа гIулч а ца йаьккхина. Ала тарло, кху тIаьххьарчу бIe шараxь гергга бахбеллачу тIамо таронаш ца хуьлуьйтура кхyзахь и гIулч йаккха. Амма кхузахь машар хIоьттинчул тIaьхьа а ма даьлла берхIитта шо. Оцу берхIитта шараxь кxузахь йиллинарг йеккъа цхьа школа йу. Иза а – кхузарчy хьолахойн а, динадайн а берашна…

Бехк буьллийла дуй ткъа правительствона? Олалла дечу классашна ма ца лаьа шайна бухарчу къинхьегаман халкъана серло а, кхетам а бала. Иза бодане мел ду, атта хуьлу дацо a, Iexo a, адамийн барт ца хилийта а. Цундела, вайн оьрсийн муьжгex пхи дакъа дича, деа декъана шайн цIе йилла а ца хаьа. ТIаккха хIумма а цецволуьйла дац правительствона хIара туземцаш серлонга баха дагацадарах.

Правительствон а, меттигерчу къорзачу мундирийн а бертаза цхьамзанийн а, набахтанийн зIaрашна а йуккъехула схьа кху лаьмнийн чIажашка йаьржа российски культурин зIаьнарш. Уьш кхуза йeaрa декабристаша, Пушкина, Грибоедовс, Лермонтовс, Бестужев-Марлинскийс, Толстойс. Цара дуьххьара бакъдерг элира кху махках, кхузарчу адамех. Дуьххьара дийкира ламанхоша шайн маршонeхьа латто турпала къийсам хестош долу церан майра аз. Оцу озо ламанхошкахьа безам, лерам кхоьллира хIор а оьрсийн стегaн дaг чохь.

И серло кху къомана йукъайаьржа правительствос дихкинчу йа цунна дагахь а доцчу некъашца – вайн прогрессивни эпсаршкахула, могIарчу адамaшкaxyлa. Кхиболчу туземцийниш санна, Iедало Петербурге, Москва, Владикавказе деша дохуьйту цхьаболчу нохчийн бераш. Халкъана гIуллакхна ца бохуьйту. Царах эпсарш, чиновникаш, талмажаш бан йа, вуьшта аьлча, кху къомана йукъахь царах Iедалан гIортораш йан. Амма гIаланашка, Iилманан хазни тIe, культурин зIаьнаршна кIел нисбелча, царах дукхахболчийн ойланаш правительствон Iалашонна тIера дIайовлу. Цара уггар хьалха тIеоьцу оьрсийн къоман лакхара культура, революционно-демократически идеяш. Уьш шаьш а самабовлу, шайн халкъ бIeшерийн боданера схьадаккха чIагIо а йо цара. Лаьа шайн халкъан диканиг, адамаллиниг, турпалаллиниг гучудаккхa a, даржо а. И шайн халкъ, официальни мундираша ма-дуьйццу, акха доцийла хаийта, кхидерш санна, иза диканиг, оьзданиг дезаш, безам, тешам, лерам а болуш халкъ хилар хаийта. Цара шайн халкъана гIуллакхдар башх-башха некъашца хуьлу. Берса а, Овхьад а саннарш цуьнан маршонeхьа къийсaман байракх кIел хIуьтту, ткъа кхечара мeттигерчу зорбанан гIоьнца массарна а йовзуьйту шайн къоман турпала истори, халкъан исбаьхьа барта кхолларалла. Шаьш а кхуллу къоман хинйолчу литературин бух.

Оцу шина а новкъа боьлхучийн Iалашо цхьаъ йу: халкъ Iазапах a, кхетамбацарх а маьршадаккхар.

И сан цхьаьнакхетарш хилла Берса а, Овхьад а тахана къexo ву. Цаьршингге а хьоьжуш хьалха лаьтта тангIалкхаш йа каторга. Цаьршиннен аьтто бара, кхиболу шайн хьолахой санна, хьоле, ирсе ваха. Амма, схьaхетаpexь, и шиъ верриг а революцин идеяша йийсаре лаьцна хилла.

Берса – хьалдолчу купецан, ткъа Овхьад – йуьртан хьолахочун кIант ву. Хьалхарчо Петербургеxь кадетский корпус чекхйаьккхина, шолгIачо Владикавказехь дешна. Суна доттагIаша дийцарехь, цхьана хенаxь лоруш эпсар хилла Берса. Паччахьо шиъ орден а йелла цунна. Амма 1848–1849-чуй шерашкахь вайн эскаршца Венгре нисвелча, цигахь цуьнан доттагІчо, гIараваьллачу оьрсийн революционеро, капитано Алексей Гусевс тIаьххьара а ойла хийцина иза, даймахка йухавирзича, маршонeхьа къyьйсучу шен къоман могIаршка хIоьттина. Хьал а, хинйолу карьера а – дерриг дIа а теттина, къийсaман бехачу некъахула, каторгеxула чекхваьлла, чахотко лаьцна иза хIинца къена стаг хета. Амма мел хаза дагахь йоьшу цо Пушкинан, Байронан, Лермонтовн, Петефин, Некрасовн, кхин дукханнийн а стихаш! Цунний, къоначу Овхьадний дика бевза Белинскийн, Герценан, Чернышевскийн, Добролюбовн философски белхаш.

И дерриг а вайн культуро тесначу хIуьнан стом ма бу!

Ткъа вайн цхьаболчу эпсарийн ойланаш а, Iалашонаш а кхин а гена йоьлху. Цхьа пхийтта шо хьалха П. К. Усларна дагадеана хилла хIокху нохчийн берашнa нeнaн мaттaxь деша школаш дIайелла. Нохчех цхьа эпсар а, молла а Тифлисе валийна, цаьрца шена нохчийн мотт a Iaмийна, берашна хьеха церан ненан меттан грамматика хIоттийна цо. ТIаккха, Грозне а веана, гондIарчу йарташкарчу хьуьжаршкара къастийна, ткъe пхиъ мутаIелам а валийна, царна школа йиллина. Цигахь шина нохчочо нeнaн мaттахь, вайн шина писаро оьрсийн маттахь деша а, йаздан а Iамош хилла царна. Суна дуьйцу хезна, цхьа бутт балале оцу бераша баккхий кхиамаш баьхнера бохуш.

Господинан Услaран пайдехьа дIадолор кхиамза дисира. Йарташкахь школаш йахка дага-м муххале а цa дeapa мeттигерчу администрацина, ткъа хIокхо дуккха а къахьоьгуш халла вовшахтоьхнарг а дIакъевлира…

* * *

Амма хено, замано шeниг до. ХIинцале а ламанан йарташка йаьржина вайн латталелоран лаккхара техника, фабрикийн товараш. Генна шайн махкал арахьа мехе а, балха а оьху нохчий. Меллашчу болaрeхь бовлахь а, шо-шере мел долу алсамбуьйлу европейски образовани йолуш хIокху къомаx болу нах. Правительствон бехкeннa мaситта шарахь кхузахь лаьттинчу тIамо шина халкъа йуккъе доьллинчу мостагIаллин а, цaтeшaмaн а ша кIез-кIезиг баша боьлла. Господашна СвистуновгIарна, ЧермоевгIарна мел ца лаахь а,

1 ... 133 134 135 136 137 138 139 140 141 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 25 символов.
Комментариев еще нет. Будьте первым.
Правообладателям Политика конфиденциальности