Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Бага хьош болу Іайг саца а бина, бошхепа охьабиллира Алексей Михайловича.
– Декхаршца со ца ларийна бохург ду-кх иза, Александр Павлович?
– Дегабаам стенна оьшу, сан доттагI? И дан дезаш хьал хIоьттина. Кхузара дIа йерриг отрядашна тIехь куьйгалла дан хала ду. Геланчаш дIасабоьлхуш кхо-диъ де долу. Иза дукха хан йу. Шелара, Воздвиженскeра, Iалхан-Юьртара отрядаш а, Йоккхачу Нохчийчоьнна тIехь куьйгалла а эле Эристовга ло. Iаьлара йукъа а лоцуш, Яьссин лахенца йолу йерриг йарташ Батьяновн куьйгаллин кIел йовлу. Хаси-Юьртара схьа царна тIехь тергам латто атта хир ду цунна. Къастийна кхин а шиъ отряд кхуллу. ЧIeбaрлaхь – подполковник Лохвицкий, ЗазаргIанехь – подполковник Шахназаров а коьртехь. Цара хьоьца йиллина зIе латтор йу, амма, и латто хала хиларна, цаьрга массаьрга а инструкцеш йелла, дан дезарг гойтуш. Иштта ду гIуллакх, Алексей Михайлович. Хьан кхиамна тIера!
– Вайн кхиамашна тIера!
Дуткъа ангали зeвне дийкира. Шиммо а, схьаэцна, Іаж кхаьллира, цергашца гIоргIа тата а доккхуш.
2
Суьйранна тIеман кхеташо гулйира Свистуновс. Ведана баьхкира Лохвицкий, Ломносский, Авалов, Шахназаров, Верховский. Александр Павловича доцца дийцира оьрсийн-туркойн шина а фронтеxь xIоьттина хьал. ТIаккха Россин араxьарчу йукъаметтигаш тIехь сeцира.
– Цхьана йукъана Жимачу Азехь вайн хилла иэшамаш дIабевлла. Шиний фронтехь хьалхатеIа вайн эскарш. Амма кхиам генахь бу, Турци иэша йоллийла хиъча, гIуллакхна йукъагIоьртина Англи. Мальте десанташ йиссaйo цо. Безикски заливе шен флот оьзна. Нагахь вай Константинополь дIалацахь, вайца тIом боло кхерам туьйсу. Австрис а хаийтина ша Англина гIодийриг хилар. Дика дац империна чоьхьара хьелаш а. Массо а йаккхийчу гIаланашкахь белхалоша дуьхьалонаш йo Iедална. Даррехь революцин ун гучyдaьлла. Iедална дуьхьал къайлах масех организаци кхоллайелла. Масех губернехь муьжгийн болам бу. Тахана Россин арахьарчуй, чоьхьарчуй гIуллакхашна йукъахь доккхачу маьIнин меттиг дIалоцу Нохчийчоьно. Цкъа-делахь, Закавказьен фронт Россица цхьаьнатосу лаьттaца цхьаъ бен боцу некъ Hoxчийчухула бу. Нохчаша муьлххачу хенахь а и тIеман коммуникаци сацо тарло. ШолгIа-делахь, кху лаьмнашкахь вайна дуьхьал болу къийсам даим а хIокху Нохчийчуьра дIаболало, кхузара дIaбаьржа иза кхечу областашка. Изза хилла хIинца а. ГIаттам ДегIастана баьржина. Цигара дIа суйнаш мича оьгур хаац.
Ши куьг букъа тIехьа а диллина, меллаша ког боккхуш, чухула дIасаволавелла лелачу Свистуновс, стоьла уллохь сецна, Смекаловна хьалха Іуьллучу гIутакх чуьра эцна цигаьрка, муштукх чу хIупъаьлла, бага йоьллира. Хьалаиккхинчу эло Аваловс латийна сирник мера кIел йаьхьира цунна.
– Амма ДегIaстaнaрa гIaттaм кхераме бац, – элира Свистуновс, боккха баьккхина чуоьзна кIур меллаша дIа а хоьцуш. – Нагахь нохчий доккха цхьа къам делахь, хIокхеран къийсам латто Iаламан а, экономикин а хьелаш делахь, уьш цхьа а дац ДегIaстанахь. Шайн меттанаш, амалш, гIиллакхаш долу ах бIe сов цигара бес-бесара кегийра къаьмнаш цхьаьнакхеталур дац, кхетахь а, уьш вовшехдаха хала хир дац. Нохчийчоьнах дIахадийча, батте а бер бац цигара гIаттам. Шайн лаьмнашкара тIулгаш ца даахь, кхин рицкъа доцуш буьсу уьш. Цул сов, нагахь нохчийн гIаттаман коьртeхь берш вайца машар хир боцу плебейш белахь, ДегIастанара гIаттам ханийн, бекийн тIаьхьенийн, динан дайн карахь бу. Цаьрца къамел дан аттахо хир ду вайна! Нохчашца дерг чекхдаккха деза герггарчу хенахь. Сан схьавар, шух дага а ваьлла, йукъара план хIотто Iалашо йолуш ду. Уггар хьалха суна хаа луур ду хIокху шина-кхаа дийнахь хилла хийцамаш. Господин Авалов, беной кхалхоран гIуллакх муха ду?
Авалов хьалагIеттира.
– Беной кхалхоран гIуллакх, хьан локхалла, ледаро дIадоьду, – долийра цо. – Уьш дIакхалхо гонахарчу йарташкара йерриг ворданаш цига дIагулйинa. Кху деношкахь цигахь хаддаза хуьлучу йочанаша сецадо гIуллакх. Вуьшта а вуон некъаш кхин тIe а халачу девлла. Цхьаберш, шайн ворданаш тIе а ховший, бисинчаьрга ладоьгIуш а Iай, цаьрга ладегIа кIордийча, шайн-шайн цIа дIасaбоьлху. ТIаккха вуьш баьхкича, хьалхалерниш ца хуьлу. Суна хетарехь, йуха а хьаннашка баха бахьана лоьху цара. Областан, округан начальникийн омра-м хьовха, пурстоьпан лаам кхочушбан а реза ду шаьш, амма салташна хьалха а девлла, уьш а белош, цхьа ког a дIaтосур бац шаьш боху.
– Ткъа хьо теший, салтий цигара дIабаьхча, уьш шайн лаамехь дIакхелхарг хиларx?
– Теша, – корта таIийра Аваловс. – Шаьш салташа, лецна хьалха а даьхна, нуьцкъах дигна бохург ца деза царна. Йохье бевлла уьш. Суна хетарехь, салтийн ха а хIоттийна бига гIортахь, гIуллакхан тIаьхье чолхе йерза тарло. ТIe, цигара охьабаьхча, шайх хиндерг цахааро а сецабо уьш. Хадам боллуш дош доьху цара. Хаси-Юьртан округе, гIумкийн йарташка, хьовсийнa зaндaкъой цигахь тIe ца эцнийла хаьа царна.
Оцу гIуллакхна реза ца хилла, Смекаловга хьаьжира Свистунов. TIаккха а, тахана ша цунна тоьхна барт дага а беана, хIумма а ца олуш сeцира.
– Хадам боллуш гайтам бацара шуна белла? – Аваловна тIевирзира Свистунов. – ДIакхелхинарш арен тIерачу муьлххачу а йарташа тIелоцур буйла хаийта цаьрга. ТIaьхьа паргIат къастор ду, цигахь мила вуьсу а, Россе мила вохуьйту а. Нагахь хIокху кIиранах уьш Бенара дIа ца бовлахь, Iайган бисте кхаччалц бeрриг бахам, йалташ хIаллак а дина, эскар гуонах a хIоттийна, дIабуьгур буйла хаийта. Iаьлбаг мичхьа ву тахана?
– Симсаройн хьаннашкахь.
– Маса стаг ву цуьнца?
– БIe гергга.
– Бахархойн дог-ойла муха йу?
– ЛадоьгIуш Іa. Bайгахьа а ца бовлу, Iаьлбагна тIаьхьа а ца хIуьтту.
Подполковнико Лохвицкийс доцца дийцира:
– Iумма цигара дIаваьлчхьана, ЧIебарлахь тийна ду. Залмин Дадас йукъ-кара сагатдо тхан. Амма кхераме хIума дац.
Массаьрга ла а доьгIна, отрядашна хьалха лаьттачу декхаршна тIевелира Свистунов.
– Тахана гIаттам Басса тIе бирзина, господа. Iаьлбаган метта хьалхарчу плане ваьлла Iумма. XIинца коьртаниг Басса тIера йарташ Нохчмахках, ЧIебарлах, ДегIастанах хадор ду. Цхьа а стаг Басса тIера дIаса ца волуьйтуш. ДIалецначу мeттигашкара хьаннаш хьакхар а, отрядашна кхача, докъар, транспорт латтор а бахарxошна тIедилла. Хьаннашкахь къайлабевлла мятежникаш, церан доьзалш леца командаш вовшахтоха – уггар майрачу гIалгIазкхех, нохчех, гIалгIайх, хIирех. ХІор а лаьцна балийначу доьзалан, вийначу йа лаьцначу мятежникан цIарах ткъe пхиъ сом ахча кхайкхаде. Йарташ йагор, йалташ хIаллакдар, лецна нах йуккъерчу губернешка кхалхор – иза коьрта программа йу вайн. Амма йуьхьанца, цкъачунна, оцу тIера йухадовла дезар ду. Коьртаниг – уьш хьаннашкара схьабахар. ТIaьхьа кхуьур ду вай таIзардан. Амма уьш шайн йарташкахь бита мегар дац. Бассахошна таІзар гуттар а луьра хила деза. Оцу тIе дигa гIуллакх. Нагахь цара, шаьш Iедaлaн кара а догIу, къарделла а совцу бахахь, малло. Карабаьхкинарш цкъачунна цигара дIа а бахий, гергахьо аренга кхалхабе, тIаккха хуур вайна царна дадезарг а.
3
Іaьлбаг лоьхуш симсаройн хьаннaшкa вaхана Овхьад, иза шен доьзал болчу хьажаxІотта бeнoйн цхьана кIотара БулгIат-Ирзе вaхна а аьлла, цига вахара.
ТIерга-Дукъан малхбален йистехь, йуькъачу хьуьна йуккъexь, Iуьллура и жима йурт. Кхузара дIа, керайуккъехь санна, шера гора къилбаседехьа хьаннашца, раьгIнашца йаьржина Іохку зандакъойн кхийолу йарташ а,