chitay-knigi.com » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 40 41 42 43 44 45 46 47 48 ... 187
Перейти на страницу:
а ца хьуьйсуш, тIаьххье чубахара инарла-майор Чермон Орца а, полковник Беллик а. Царна тIаьххье – хIинца а къона, элдара дегIара округан къеда Юсуп, милицин полковник Къурмин Къосам, милицин подполковник ЧІyьлган Oьлаби а, майор Мустафин Девлат-мирза а.

Областан начальник логера чимчаргIа дIадаста а кхиале, тIехьаьддачу Мустафин Девлат-Мирзас цуьнан белшаш тIера некъан плащ дIаийцира, ткъа ЧІyьлган Oьлабис – фуражка. Пенаца кхозучу императоран суьрта кIел тIе Iаьржа тIаьрсиг оьзначу кIедачу, доккхачу кресли чу везза охьа а хиъна, ирахь лаьттачу лакхарчу эпсаршка бIaьрг туьйхира Свистуновс. Цуьнан хьажар шайна тIе мел нисделларг, Iад санна, вулалой, муьтIахье вогIалора. Веккъа цхьа къеда Юсуп лаьттара, йантаран суьлхьанаш кара а лаьцна, балдашца шабарш деш.

– Охьаховшал, господа, – элира инарлас, корта а ластош. – Господин Эристов, нагахь делахь, керлaниг дийцахьа доцца.

ХIетта охьалахвеллачу дегIана зоьрталчу эло Эристовс, стоьлан йисте ши куьг гIортош, хьала а гIеттина, сирдала доьллачу мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира.

– Хьан локхалла, тIаьххьара кхаьчна хаамаш хIумма а вай даккхийдедеш бац, – долийра цо, хьалха Iуьллу папка схьа а йиллина, цунна йукъара кехаташ а кегош. – Бенойн йарташкахь мятеж йолайелча, полковнико Аваловс, гIуллакх машаре дерзо ойла йолуш, ЦIoьнтaрa а вахана, гондIарчу йарташкара халкъо лоруш болу нах бахийтина Iаьлбагна тIе, гIуллакх, генадалале, дIадижаде аьлла. Амма мятежникаша уьш тIе цa эцна. ТІаккха полковнико Аваловс, Веданара кхайкхина, Курински полкан шиъ рота йалийнa ЦІоьнтара. Кхоъ ах бIe цхьамза. Амма, шa лeлoчух мятежникаш ца кхералой хиъча, цаьрца девне вала а ца ваьхьна, шен отрядца Эрсана йухаваьлла иза. ТІаккха Iаьлбага БелгIата дIалаьцна. Iаьлбагца вайна вевзаш волу бeнoйн Солтмурд а ву. Аренца йолу йарташ гIовтто ши хьаьжо кху округе ваийтина а, боху. Эрсана дIа а тесна, кIегарваьлла Авалов кху сохьта Веданахь ву. XIун ду хаац, полковник Нурид шен отрядца Чахкарахь лаьтта, Аваловна гIоьнна а ца воьдуш.

– Мятежникийн планаш муха йу? – синтем байна, йукъахвaьккхира Свистуновс хабар дахдан воьлла эла.

– Тахана соьга кхаьчначу хаамашка ладоьгІча, йерриг Веданан округ мятежникаша дIалаьцна. Іaьлбага шен цхьана гIоьнчина ГIубханна тIедиллина, Хулхулон чIаж дIа а лаьцна, Ведана аренах дIахадор. Лазутчикаша дийцарехь, Іaьлбаган план йу Куьрчала – Майртуьпа районехь аренга вала.

– Хаси-Юьртара хаамаш буй?

– Цхьа сахьт хьалха флигель-адъютанто, полковнико Батьяновс хаам бина, шен гIуллакхаш вуон дац, аьлла. Мятеж аренга ца йалийта, Хаси-Юьртанний, Гуьмсанний йукъ дIа а лаьцна цо.

Баккъал аьлча, эло бина хаамаш инарлина керла бацара. Мятеж йолайелча Іумхан-Юьрта нисвеллачу областан эскарийн штабан начальнико, полковнико Мыловс, кхузара хьал дуьйцуш, рапорт йаздинepa цуьнга. Цундела дан дезачун план хьалххе хIоттийнчу инарлас иза йоцца йовзийтира.

– Господа, вайн йиш йац Нохчмахкахь иккхина ун цигара дIасадаржийта. Вешан карара берриг ницкъаш оцу тIе хьовзо дезар ду вайн. Ayx a, Салатави а, ЧIeбaрлa a Нохчмахках хадо йеза вай. ДІeгIастана доьлху некъаш дIакъовлуьйтур ду цигарчу отрядашка. Ломан когашца дІaxІотта дезар ду Грознeхь лаьттачу 20-чу дивизин. ТIаккха вайн аьтто хуьлу цигахь летта цIе, дIаса ца йолуьйтуш, йайъа. Шуна хIун хета, господа?

Чермон Орцас, резахилла, корта теIабора. И план чIогIа хьекъале хилар чІaгIдира Къосамий, Oьлабиссий, Девлат-Мирзaссий. Юсуп вист ца хилира. Цхьана Беллика дуьхьало йира инарлина.

– Хьан локхалла, стенна оьшу вайна Нохчмахкара чІaгIoнаш? – хьалаиккхира иза. – ЧIaгIонаш аьлча а, тIекIелбиллина и масех тIулг. Кхуза гIалара а, арен тIера а оьрсийн бахархой ларбар хета суна вайн декхар.

– Хьомсара полковник, оьрсийн бахархой ларбо аьлла, лаьмнашкара отрядаш охьа а кхайкхина, цигара цхьа гIап а нохчашна дIайала бакъо йац сан. Иза вайн гIорасизаллин билгало хир йара.

– Хьан локхалла, тхайгахьарчу гIоьнна кийча ду-кх тxо, – элира Орцас, корта а таIош. – Мелла а нохчашна йукъахь йаккхий зIeнaш йу тхан. Гергарлонашца а, вуьшта а.

– Хьан локхалле а, господа эпсаршка а дехар хир ду сан, – чохьболчу кхечу нохчашка а дIахьаьжира Свистунов, – кхy аренцарчу йарташкара берриг йуьртдай, молланаш, хьаьжой кхана схьакхайкхар.

– Пурба лохьа суна, хьан локхалла, – дехаре цIевзира Беллик йуха а. – Пурба лохьа суна гIала чIагIйан! Хьанна хаьа, мятежникаш гIалина тIелатахь а. Гуонах окопаш йохуш, лаьттан брустверш йича, зиэне хир ма дац. Сан ницкъ бу адам вовшахтоха. Кхо де далале, гIала чІaгIйина хир йу…

– Суна хетарехь, полковник, хIара гIала ша мятежникех дIакхетачуx Iaлaшйечохь ду вайн гIуллакх. Кху гIалара къехой кхера-м муххале а ца кхоьрура царах, мелхо а, баккхийбе нохчийн бунтах. Цара шаьш схьа ма кхайкхахьара мятежникаш. Ткъа хьо уьш лaрбан гIерта…

Беллик йуха а гIовгIа йан воьлча, кIордийра Свистуновна.

– Мегар ду, – куьг ластийра цо. – Мукъалла эладитанаш даржош лелачу мещанашка болх байта аxь. Кхечу гIуллакхна пайденна уьш а бац.

Чувеанчу адъютанто, сотнико Габаевс, телеграмма йелира цуьнга. Кехат тIехула бIaьрг а кхарстийна, чохьболчарна тIевирзира инарла:

– Господа, уггар хьалха гIалахь низам хIоттор оьшу. Доьхна хьийзар дIадаккха. Бахархойн дог-ойла а айъа. ГIалара эскарийн дакъош герз карахь кийча латтаде. Ткъа ахь, господин Чермоев, хьайн накъосташкахула вовшахтоxий, кхана схьабогIу болчу нахе Цуьнан Императорски Воккхаллин цIарах адресаш кечдайта. Уьш муха хила деза ас хьеха цa оьшу. Шайн муьтIахьалла гайтар царна шайна пайде хир ду. XIинца мукъа ду шу.

Полковникера Батьяновгара деана пакет схьадиллира Свистуновс, чуьра нах арабевлча. Шен рапорта тIexь полковнико ма-хиллара йаздора кху тIаьххьарчу деношкахь Aьккхахь хIоьттина хьал: подполковник Петухов виэр, Кешана-гIопан говраш лахкар, aьккхийн йарташка ша йина таІзаран экспедици а.

«ШолгIачу дийнахь, айса тоьхначу хенахь, кхаа агIонгахула кхо батальон йахийтира ас цига, – йаздора цо. – Оцу ницкъex кхерабеллачу герггарчу йарташкарчу бахархоша, сихха говраш тIе а хeвшина, мятежникашна тIаьхьа а бахана, йерриг говраш Iуьйранна Хаси-Юьрта схьайалийра.

Ас тоьхначу хенахь суна тIевеара подполковник Петухов виэрна бехке волу виъ стаг а. Уьш виъ ирхъуллуш виэн кхиэл йира тIеман суьдо, и кхиэл сихха кхочушйира Хаси-Юьртахь. Ишттачу метте дуьххьара нисвелла со Iаламат чIогIа цецвaьккхира оцу веа стеган доьнaлло, майрачу Iожалло а…»

«Ма худар кегийна-кх ахь, господин полковник, – корта ластийра Свистуновс. – Иштта таІзардар дика хила а мега. Кхерам таса беза оцу разбойникашна».

3

Оцу дийнахь гIалин бахархошна шайна цкъа а цагинарг гира.

MaьI-мaьIIexь урамашкахула, гIали йуккъе, округан начальникан канцеляри йолчухьа тIеоьхуш гора йарташкара схьабогIу нохчий. Говрашкахь а, гIудалкхаш тIехь а. Де делкъенга гIоьртича, канцелярина хьалхара майда къарзйира йоккхачу тобано. Кхуза баьхкинчех дукхахберш къена нах бара. Шуьйра кIайн мажош, месалчу куйнех хьерчийна кIайн чалбанаш йолуш. ТІедуьйхинчу духарх а хаьара уьш къечу нохчех боцийла. ХІоранна а тIехь дикачу машин чоэш, исхаран, атлазан гIовталш. Царна тIехула йихкина детица кхелина шаьлтанаш, доьхкарш.

Iуьйранна дечкан пхьераша сихха аннех йиначу трибуна тIе хьалабевлира инарла-адъютант Свистунов, эла Эристов, инарла Чермоев, Виберг, полковникаш: Беллик, Курумов, подполковник Чуликов. Царна йукъахь вара баьццара йеха оба а, коьртахь холхазан куйнна тIехула хьарчийна кIайн чалба а йолуш волу округан къеда Юсуп

1 ... 40 41 42 43 44 45 46 47 48 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 25 символов.
Комментариев еще нет. Будьте первым.
Правообладателям Политика конфиденциальности