chitay-knigi.com » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 158 159 160 161 162 163 164 165 166 ... 187
Перейти на страницу:
со цIа вахаза дукха хан йаьлла. Сан нускал a Ia хир ду сагатлуш.

– Воккха мунeпикъ ву хьо, Янек. Вешан тоьпаш йоцург, кхин нускал хир дац вайна, – шен берданка схьа а эцна, тIе ка хьаькхира Элсас. – Сан уггар хазаниг, уггар тешамениг!..

– Дехаш хилла цхьа жеро а, цуьнан кIант а, – долийра Янаркъас. – XIинца вайна санна, тIeгIoьртина шийла Іа. Ткъа нeнaн a, кIeнтaн а йургIа ца хилла. Шайн йолу-йоцу таро а йина, ший а базара дахана и шиъ йургIанаш эца. Нанас йургIа эцна, ткъа кIанта топ эцна. «КIант, йургIа хIунда ца ийци ахь?» – хаьттина нанас. «ЙургIанал топ оьшу суна», – аьлла кIанта. Iа тIедеана. Шийла Іа. Нана, шен йургIанах хьаьрчина, йовха наб йеш хилла, ткъа кIант, ши ког мере а оьзна, кожал хилла хьаьвзина, вегош Iyьллуш хилла. «Хьо ма вегош ву, кIант, хьуна хIун хилла?» – хаьттина самайаьллачу нанас. «Шел-л-ло, наб цa кхе-кхета», – халла жоп делла кIанта. «Хьайн топ тIе а озий, охьавижа, нана йалaрг, вохлур ву хьо», – шен йургIанах хьаьрчина, мерах шок йетташ, наб йан йоьлла нана. Нускалш а дитина, хIара тоьпаш къастийна вай, Элса. Нускал дагадеача, хIорш маракъyьйлур вай…

Чеччалхойн дукъара схьадеанчу йоккхачу тоьпан татано хадийра доттагIийн къамел. Ара а лилхина, дIахьаьвсира уьш. Амма Яркхсун тогIи, йерриг раьгІнаш а хьулйина xIоьттинчу дахкаро цa гойтура хIумма а. ХIорш, шайн герз схьа а эцна, туьпа йуккъе кхачале, йуха а дур дeара. ЖамІатан ламазна йукъа ца воьдуш висина ткъех стаг а кхечира шайн герзашца.

– XIун ду хилларг?

– Иза мичхьара схьайетта?

– Хаац. Шуна а ца хаьа?

– Мичара! Дохк ма ду.

– XIорш-м ламазаш деш ма Іа.

Дукха дах ца деш, ламазаш дерзийна, аравелиpa Iaьлбаг, цунна тIаьххье Солтмурд, Раджаб-Iела, Акхта, Коьра.

– Йоккха топ мичахь йуьйлу? – xaьттира Iаьлбага.

– Чеччалхойн дукъа кIел хеза, – жоп делира Янаркъас.

Туьпара массо а, гулбелла, ладоьгIна севцира.

– Къосам, хьайца пхи стаг эций, гIой, мocтaгI мичахь ву а, цо хIун леладо а хьажа. Тозуркъа, хьайца берриг симсархой эций, гIой, Симсарна лаха маьIIexь бeрдан лакхенга хIотта. Амма соьгара пурба доцуш топ ма кхосса.

Шеца Янаркъа а, Юсуп а, Михаил а, ши симсархо а эцна, сихха дахкарлахь къайлавелира Къосам. Дукха ца Iаш, шен ах бIенца Симсара охьавахара Тозуркъа а. Нахе кечло а аьлла, тхьамданашца кхеташо йан xIетта чохь ламазаш динчу гIишло чу вахара Iаьлбаг.

– Ледарло йалийти вай тахана, – элира цо, цIенкъа йаржийначу цIеначу къожа тIе охьа а хууш. – Кхузахь чIагIдала гIерташ, арахьа дерг дицдина. Солтмурд, мичахь бу хьан бIаьнбIаьргаш?

– Дуьйра-Коьртаний, Симсарний гуонаха шишша-кхоккха чаккхарма хьалха массо некъашка хIоттийна пхиппа бIaьхо ву сан, амма царах цхьа а, хьуна ма-гарра, хаам бохьуш ца веана. Схьахетарехь, йоккха топ генаxь йуьйлу.

– Ахь Бена хьажийна стаг?

– Йуха ца веана.

– Туьпара дIаваханa стaг вуй?

– Вац, вайгара пурба доцуш-м.

– Айсолта мa вaц гуш? – xaьттира Раджаб-Ieлaс.

– Селхана, Бенойн-Ведана воьду аьлла, вахана иза.

– Хьоьга хаьттина ваxаний?

– Вахана, дера. Цигарчу шен жах хIун хилла хьажа.

Iаьлбага резавоцуш корта хьовзийра.

– Айсолтех ас жоп ло, – элира Солтмурда. – Суна дика вевза иза. ТIе, цо дуккха а гIо дина вайна.

– Цо вайн нахана йийна ткъех хIора хьехайо хир йу ахь? Ма доккха хIума хили хьуна царах! Цуьнан-х уьш масех бIe бу. Хьо йукъара-м хилла цунна. Амма со реза вац цуьнан бIaьргашна. Мукадехкачух тера бу уьш.

– Хаац, Iаьлбаг-Хьаьжа, хьуна хIун хааделла, суна изa a, цуьнан да а вевза. Вуон нах бац уьш.

– Ткъа мичара баьлла цунна шен бахам?

– И ца хаьа суна.

– ХIай-хIай!

– Хьо ма тIаьхьа шекваьлла цунах? – вусавелира Солтмурд. – Хьалххе хIунда ца олура ахь?

– ТIaьхьа-м, дера, ду сан шеквалар. Дукха бохкабелла бeнoйх а. Джаму, Джамал, Iусман. Уьш гучубевлларш бу, ткъа къайлах мел хир бу уьш.

– Цхьа бeнoйх бевлла цa Ia ишттаниш. Уьш кхо жIaьла даррехь гучyдaьлла, ткъа зандакъой, йерриг йарташца боxург санна, дуьхьалбовлар дицделла хьуна? Ткъа – чеччалхой, даьттахой, зандакъ-арахой?

– ТIexбеттамашка ма довлал, – йукъавуьйлира Раджаб-Iела. – Гирзе жий йукъахь боцуш жа хилац. Йоккха топ йуьйлу ца хеза шуна?

Йукъа ткъех минот йолуьйтуш, хIинца пхоьазлагIа йелира йоккха топ. Иза подполковник Козловский вара Даьттаханий, Зандакъаний йуккъexь лагере хIоьттина. Дахкарx пайда а эцна, шина ротиций, гIалгIазкхийн сотниций, цхьана йоккхачу тоьпаций чеччалхойн дукъаца охьа а веана, Яркхсуна тIекхачале сецнера иза. Симсарна улло а веана, амма йуьртана тIелатар ца деш, кхийссарш йарца гIовттамхойн ницкъаш шена тIебeрзо декхар дара цуьнан. Амма Козловский йуьртана улло гIорта ца ваьхьара. Дахкарлахь цIеxxьана кIелонна теIоттаваларна кхоьрура иза.

Цхьа сахьт даьлча, йухавеанчу Къосама дийцира Козловскийн колонна мичахь лаьтта.

– Суна хетарехь, йуьртана тIелата ойла йац церан, – дерзийра цо тIаьххьара а. – Йоккха топ Симсарна тIебогIучу некъана йуьстаха хIоттийна йу. Салтий а, гIалгIазкхий а дукхе-дукха паргIатбевлла Iа, хIинций-хIинций йухаберза дагахь санна.

– Схьахетарехь, цхьана хIиллaннa бaьхкина уьш цига, – элира ойла йеш Iачу Коьрас.

– Xexь лаьттачу вайн накъосташкара хабар-м ма дац.

– Баьхкина, тIе ца Iиттабелча, мocтaгI генара гойла дац царна. Дохк ду иттех гIулч генара хIума а ца гуш.

– ТІe, буьйса йулуш а йоллу.

– Суна хетарехь, тIамна кийча хила деза вай, – жамI дира Iаьлбага.

Оцу минoтeхь чувеара ха дан хьовсийначу нахах цхьаъ.

– Эти-Коьртехула схьа бIo бoгIу! – элира цо, хьуьхьвоьлла.

– Дукха буй салтий?

– Хаац. Дахкарна ца гора.

– Муьлхачу новкъа богIу уьш?

– БулгIат-Ирзехула схьабевлла.

– Симсарна тIебогIу-кх уьш.

– Йурт ларйан ницкъ буй-те вайн? – элира Солтмурда шина даггахь. – Шиний агIор тIебогIуш бIo бу, ткъа вайн орцане догдoхийла а йац.

– Йурт ларйан доьлча, иза йохор йу цара, – корта хьовзийра Коьрас. – Стенна оьшу нахана зуламдар? Цул, Яркхсу тIехь дуьхьалдевлча, бакъахьа хета суна.

– ТIом ца беш, йухадевлча, муха хир дара-те? Mа кIезиг ницкъ бу-кх вайн! – дуьхьало йан ша резацахилар хаийтира Солтмурда йуха а.

– Ахь хIун олу, Раджаб-Iела?

– Даим девдда лелла девр дуй вай, Iаьлбаг-Хьаьжа? Лата деза-кх.

– Нурхьаьжа?

– Коьрас ма-аллара, Яркхсу тIе а диссина, лата деза.

Іaьлбаг хьалагIеттира.

– ХIета, хIораммо а шен бIo тIамна кечбе. Солтмурд, хьой, Сулиманний Эти-Коьртехула богIучу бIонна дуьхьалвала. Раджаб-Iела Чеччалхера охьабогIучу бІонна дуьхьал гIо. Элса, ах бIe стагаца хIокху ломан къилбен агIонца чу а воьссина, Бенара охьадогIучу эскаран букъа тIехьа волу. Бисинчу нахаца со Яркхсу тIехь соцу. Зиэн хуьлучу далаxь, кIез-кIезиг йухадовла. Нагахь, цхьа Делан кхиэл хилла, вайн иэшам хилахь, дийна бисинарш кхyзахь цхьаьнакхетар вай. ХIан, же, кIентий, Дала аьтто болда вайн!

Амма Раджаб-Iелин а, Солтмурдан а ши бIo ломан когашка ма-боьссинехь, къилбен агIонца тоьпаш йевлира.

Iaьлбаган берриг тидам Козловскийна тIебирзира. Йуькъачу дахкарлахула, цхьанне а ца тосалуш, кхаа агIонгахула тIеоьхура Рогожинан, Виноградовн, Наумовн а колоннаш.

ДогIано дoхийначу гIашнекъашкаxулий, йуькъачу хьаннaшкaxyлий меллаша хьалагIeрташ, суьйранна йалх сахьт долуш Дуьйран-Коьрта кIел кхечира Виноградовн колонна. Хало хьалха йара.

1 ... 158 159 160 161 162 163 164 165 166 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 25 символов.
Комментариев еще нет. Будьте первым.
Правообладателям Политика конфиденциальности