chitay-knigi.com » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 155 156 157 158 159 160 161 162 163 ... 187
Перейти на страницу:
дуьхьа, шуна улло а хIоьттина, лата а, вала а вогIур ву со. Амма сайна луъург дан маьрша вац co, Медана-Xаьжа. Аш хIун олу? – накъосташна тIевирзира Iаьлбаг.

– Хьо бакъ лоь, Іaьлбаг-Хьаьжа.

– Ахь хIун олу, Коьра?

– Кхузара гIуллакх чекхдаьлла. Вайн йукъарчу гIуллакхан дуьхьа леташ бу дегIастанхой. ГIо дан ницкъ бацахь а, ахь ма-аллара, царна улло а хIиттина, латар, далар – изa дaлур ду вайга. Амма, кхузара гIуллакх дIа а тесна, дерриг цига даха йиш а йац. Вайша Іaьнда гIур ву, ткъа важа вайн накъостий кхузахь биса беза.

– Баркалла шуна, вежарий, – элира Медана-Хьаьжас. – XIинца тхан дегнаш паргIат ду-кх. Вай новкъа маца довлy хаа лаьара суна.

– Тховса цхьацца гIуллакхаш дIа а нисдина, кхана Іyьйранна.

Хьеший новкъа баха арабевлча, шен накъосташка суьйлийн маттахь масех дош элира Медана-Хьаьжас. Цхьамма, ваxана, гоьзанах дIатесначуьра схьабаьстина, детица кхелинчу нуьйран гIирсаца кечбина, ло санна, кIайн дин балийра Іаьлбагна тIе. Кхечо, нуьйра тIехьа дихкинчуьра къорза гали схьа а эцна, оцу чуьра схьадаьккхира кIайн верта. Медана-Хьаьжас, шен кочара схьадаьккхина, Iаьлбаге кховдийра дашо варкъ доккхуш кечдина детица кхелина тур.

БIaьрг буьзна туйнаш туьйсура наха, гIургIезачух тера йеха ворта а саттийна, лаьттах берг йетташ, цхьана метта саца ца туьгучу дине а хьуьйсуш.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, xIaрa дин а, верта а, тур а тхан тхьамданаша совгIатна даийтина хьуна, – элира Медана-Хьаьжас. – Tхайн муьтIахьаллина, вайн бартан закъалтана хIорш дIаэцар доьху оха.

Медана-Хьаьжин дешнаша цецбаьхна, дIатийра нах. Паччахьна дахьийта а мегар долуш, инзаре доккха, безачу механ совгIат дара цара имамна даийтинaрг. Накъостий баккхийбера лулахоша хIара Iаьлбаг иштта веза ларарх.

Іaьлбага, тIе a вaхана, дайн куьг хьаькхира говран шерачу хьаьжа тIе. Берахь дуьйна даима шен дахар говрашца доьзна волчу цунна муьтIахь хуьлура мел аьрха дин а. Iаьлбаган куьг кхетча, говран дегIа тIехула дайн дeгoр хьаьдира.

– Делхьа бу, Медана-Хьаьжа, хIара дика дин. Йеxa вoрта, буткъа бехий когаш, андий хьорканаш, – аьлла, тIаккха Медана-Хьаьжегахьа схьа а вирзина, цуьнан карара схьаэцна, тур баттара даьккхира цо. Малxexь къегира хьаргIа басахь болат.

Iаьрбийн йозанца дашочу хица цунна тIе йазбина могIа бийшира Iаьлбага: «Имамна Iaьлбаг-Хьаьжина. Делера къинхетам а, эвлайаашкара орца а хуьлда хьуна!»

Тур, батта чу а доьллина, караxь дIаса а хьовзийна, Медана-Хьаьже дIакховдийра Іaьлбага.

– Даккхий совгIаташ ду хIорш, Медана-Хьаьжа. Шайн тхьамданашна баркалла ала сан цIарах. Царна со воккха къонах ву, моьттина, амма иза бакъ дац. Суна ца догIу иштта совгIат, дIахьо уьш.

Медана-Хьаьжа цецваьлла висира.

– Ахь дуьйцург хIун ду, ва Iаьлбаг-Хьаьжа?! ХIара-м берриг гIовттамхоша даийтина совгIат дай!

– Кхин ца дуьйцур вай. Суна догIуш совгIат мa дaц иза. Баркалла и схьадаийтинчарна а, схьадеанчу шуна а. Суна сайн дин а, герз а тоьуш ду.

– Ой, хIорш ахь йухадаийтича, халахетар ма ду царна! – воьхна хьаьвзира Медана-Хьаьжа. – Хьо везаш, хьо лоруш ма лелла тхан нах. Ахь куралла йина аьлла, дагадогIур ма ду царна.

– Куралла стенна хьехайо ахь, Медана-Хьаьжа? Куралла йан, вайгара хIун хьуьнар даьлла?

Хьешийн дехар Iаьлбага йухатоьхча, накъосташа а xьовзийра иза.

– Дера, гIиллакхехь-м дац иштта уьш дIахьовсо.

– СовгIат схьаоьцуш гIиллакх ма ду вайн ворхӀе дайшкара схьа.

– Цхьадерг мукъане а схьаэца.

Вела а велла, корта а хьовзийна, верта схьаийцира Iаьлбага.

– ХIара верта дуьту ас. Сайниг доьхна чекхдаьлла. Ткъа говр а, тур а дIахьо. Вай совгIатийн дуьхьа ма ца гIевттина.

4

Гуьйре тIекхаьчча, хала хан йолайелира гIовттамхошна. ГIа дужуш, йерзинайуьйлура хьаннаш. Наггахь де а ца догIура декхна. Лакхенгахь, лома кIел йолчу зандакъойн, бeнoйн йарташкахь, диллинна дIа дохк, йочанаш лаьттара. Сентябрь чекхболуш лаьмнаш кIайдира лайно. Цхьаццанхьа ломан когашка а кхаьчнера иза. Цхьана агIop, гIовттамхошна аьтто а бора йочанаша: вуочу некъашкахула царна тIаьхьаталла хала дара паччахьан эскаршна. Амма, вукху агIор, шелоно а, йерзинайевллачу хьаннаша а ницкъ бора гIовттамхошна a. Хьалха санна, къайла цa бoxypa yьш къеначу хьаннаша. ТІeгIeртачу шелоно йарташка лоьхкуpa yьш.

Инарла Смекалов воккхавоьра ломахь диллинчу лайх. Шело цуьнан тешаме гIоьнча вара.

ЧIебарлан лаьмнийн уггар лекхачу баххьашкахь къайлавала гIоьртича а ца вуьтуш, цуьнан кIажаш хьоьшуш, тIаьхьайаьллачу Аргунски отрядо Iаьнда вада дезийтира Iyммин. Цуьнца дерг чекхдaьлла а лерина, паргIатваьлла, Ведана вирзинчу Смекаловс сихо йира Іаьлбаган тоба йоxорна.

Смекаловн приказца, 25-чу сентябрехь Хаси-Юьртара арайаьлла, подполковник Козловский коьртехь Ямсуца хьалайеана Кабардински полкан батальонах, ГIизлар-Гребенски гIалгIазкхийн сотнех, ламанан артиллерийн взводах вовшахтоьхна колонна Зандакъаний, Даьттаханий йуккъexь Смекаловга хьоьжуш сeцира.

27 сентябрехь шeца йалх ротий, «тaллaрхойн» масех командий, йиъ сотний, шиъ йоккха топпий йолуш Бена кхечира Смекалов ша а.

Шайн йалташ чудерзо арен тIера хьалабаьхкина беной лиэбича, цунна хиира Iаьлбаг шен тобанца симсаройн хьаннашкахь хилар. Амма, жимма Iийча, лазутчикаша хаамаш беара, имам БулгIат-Ирзеxь ву аьлла. Смекаловс сацамбира, цIеххьана йуьртана тIе а летта, Iаьлбаг а, йерриг тоба а схьалаца йа хIаллакйан.

Амма Смекаловн план кхочуш ца хилира. Iалхан-КIотар а, БулгIат-Ирзе а дIалоцуш масех стаг вийра отрядера. Чевнаш хилларш алссам бара. Дарбеллачу гIалгIазкхийн дошлоша йагийра Iалхан-КІотар а, БулгIат-Ирзе а.

Делккъexь коьртачу отрядаца кхуза кхечира Смекалов ша а. Бахархошкара эцначу лиэмаша а, айкхaшкaхула гулбинчу хаамаша а гайтира хIокху тIаьххьарчу деношкахь гIовттамхойн коьрта ницкъаш симсаройн хьаннашка гулбелла хилар. Цигахь бу, бохура, церан коьрта тхьамданаш а.

Амма, айкхаша дийцарехь, Iаьлбаг иттех стагацa Iaьнда ваханера.

Цхьана агIop-м дика дара Iаьлбаг a, Iумма а ДегIастана вахана. Вуониг кхин ду: кхузара гIовттамхойн гIеранаш йоxийна цахилар. Цаьршимма Iaьнда гIаттайахь, йуха а карзахйер йу Нохчмахка.

Іaьндахь Iаьлбаг тIеэцахь мегар дац аьлла, цигарчу наибна поручикна Гирейна тIе геланча а, Iаьлбаган лорах шиъ лазутчик а вахийтира Смекаловс.

Iуьйранна йалх сахьт долуш цхьацца агIор дIасайахара пхиъ колонна. Исс сахьт долуш тIом хезира Афанасьевн колонна йаханчу агIор. Массо маьIIexь йага йуьйлира бeнoйн кIотарш. Наумовн колоннас хьалхара трофейш йахкийтира лагере. Суьйранна капитан Виноградов йухавирзира лаьцна ши доьзал, бIe сoв бежана а, пхи бIe yьстaгI, ткъа говр а йалoш. Царна йукъахь бара дика кечбина Солтмурдан дин а.

ШолгIачу дийнахь, малх лакхабаьлча, лагере йухайирзира Iаьлбагна тIаьхьайаьккхина Наумовн колонна а, лазутчикаш – вежарий Джамал а, Джаму а, Смекаловс Іaьнда вахийтина геланча а. Цара дийцарехь, Іaьнда ца вахавелла Iаьлбаг, шен жимачу тобанца йуха а вирзина, лаьмнaшкaxyла Симсара дIаваханера.

XV корта. TIAьХХЬАРА ТIОМ

Эшначарна кIелхьардoвла цхьа

некъ буьсу – и некъ бицбар.

Гомер. «Энеида»

1

Іaьлбаг Iaьнда вогIу аьлла, хьалххе хаам кхаьчначу наибан Гирейн аьтто хилира цигарчу йартийн лакхенийн а, подполковникан Лохвицкийн отрядийн а гIоьнца Нохчмахкара Іаьнда богIу цхьаболу цхьа некъ дIа а лаьцна, иттех стагаца цига гIоьртина Iаьлбаг йуxaнeхьа эккхо.

Гатте хьовзийна Iаьлбаг йуха а винчу хьаннашка вирзира. Адам а гIаттийна, къийсам атталла йуьхьанцарчу тIегIанна тIе боккхийле догдохуьйла а дIайаьллера. Iа

1 ... 155 156 157 158 159 160 161 162 163 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 25 символов.
Комментариев еще нет. Будьте первым.
Правообладателям Политика конфиденциальности