Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Сулиман а, Къосам а хьалхарчу могІapexь лиэтара. ГIайбанех санна, гIовттамхойн накхойх а, гайх а оьхура цхьамзанаш.
Амма йухабовла бакъо йацара. Йогучу йуьртара схьа зударийн а, берийн а маьхьарий хезара.
Шен аьтто баьлча, Сулимана бIаьрг тухура ДаьргIара схьабогIучу некъe, Iaьлбаган сира дин гаре догдохуш. Эххар а иза гира цунна. Іода кхоьссича санна, йогIу горга кIайн овгол…
Де делкъенга даьлча, капитан Битнерскийга приказ дeара, Дишни-Веданца дерг чекхдаьлла, Нохчмахка ваха кечло аьлла. Оцу кехатан цуьргана барт баккхал хазаxийтира капитанна. Цо иза эшаман эхьах кIелхьарвоккхура.
4
Буьйсанан йуккъехь ГIамар-Дукъахь а, Iуьйранна малх кхеташ Дишни-Веданахь а болабелла тIом сeцира дийнахь ши сахьт долуш. Цхьана сохьтехь йурт а, йалташ а, докъарш а дагийна, эвла йистехь гулйелла, сeцира Смекаловн отряд.
Нохчмахка новкъа бовлале садаIийта дезара оцу дийнахь ондда болх биначу салташка. ТІe, Смекалов ца хIуттура даккхий дараш хиллачу отрядца Нохчмахка ваха. Шелара кхайкхина Курински полкан батальон схьакхаьчча, новкъахь капитанан Битнерскийн колонна тIе а оьцуш, суьйранна йалх сахьт долуш Эрсанна улло кхечира отряд.
Кхузахь эла Аваловс шен тешаме наx xьовсийра Эрсана а, ЭгIаштIе а, цигарчу бахархошка, цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, муьтIахьалла тIе а эций, амалтана нах ло аьлла. ЭгIаштIойн тхьамданаш баьхкира лагере амалтана итт стаг а валош. Амма эрсаноша сацамболлуш дуьхьало йира инарлин омра кхочушдан.
И буьйса бивакеxь йаккха дийзира отрядан. Амма йоьхна буьйса йара иза. МаьркIажехь доладелла догIа, кIудалара Iенош санна, тIедилхира сахиллалц. Четарш ца тоьура. Долчарна чохь, чIеран кIорнеш санна, дIатарбелира салтий. Ткъа мелла а ишттачу хьолах боьлла кавказхой догIанна кIел бисира. Йуьрта буьйса йаккха баха ца баьхьара атталла нохчий а. ХІорш салтел а чIогIа кхоьрура меттигерчу бахархойх. Арахь биснарш-м хьовха, четарш чу тарбелла салтий а тIадийнера оцу буса.
Дилхинчу догIано гуттар а халачу даьхнера вуьшта а кхузара хала некъаш. Говраш а, адамаш а гоьллец хоттала оьхура. Къаьстана таро йоxийнера йаккхийчу тоьпаша. Церан чкъургаш хоттах йича санна йара. Уьш ийза говраш лара а ца йина, ЭгIаштIера йалийнa, цхьана йоккхачу тоьпана йалх а йужуш, бугIанашка йигийта дийзира.
Эрсанахь шена дуьхьало хир йу моьттуш, дерригенна кийча йеанчу отрядна йаьсса карийра йурт. ЖІaьлеш, цицигаш, наггахь котам йоцург, аддам а дацара кхузахь. Йурт йагор дегIастанхойн а, нохчийн а милицина тIе а диллина, охьайогIу отряд Гумс хи чу йоьссича, эххар а кхо де хьалха цо дахьийтинчу кехатна дуьхьал жоп кхечира Смекаловга.
«Лераме Алексей Михайлович!
ХІокху деношкахь ас синтемза ладегIна хьоьгара хаамаш кхечи соьга. Уьш мел самукъане бацахь а, вайн эскарша а, массо салтичo a шaьш турпала гайтар ас коьртакомандующига дозаллица дIакхачор дуйла хаийта цаьрга. Чевнаш хиллачарна ахча далар къoбалдо ас. XIор а дархочунна чевне хьажжий кхаа соьмера туьмане кхаччалц ахча ло. Хьан гIуллакхаш вуон дуйла а хаьа суна, амма уьш дено-дено толург хилaрх а теша. Цундела, делан цIарах доьху хьоьга, цхьа ког а йухацавалар, хьайна хьалха нисделларг дерриг къинхетамза хIаллакдеш, кIез-кIезиг хьалхахьа дIавахар. Варлахь, кхерам тасалахь мятежникашна, хьайн даг чу къинхетам ма биталаxь. Къизалло биэн совцор бац хьуна мятежникаш. Вайга амалтана нах беллехь а, Зандакъа гIеттина.
Тахана ас Батьяновна тIедиллина, сиxонца Зандакъа а гIой, цигара мятежникийн парти йохайе аьлла. 20-чу августехь шена тIе резерван батальон кхaьчча, кхаа батальонций, дошлойн йеа сотняций Бена хьалавогIур ву иза. ХІокху геланче ас приказ делла, Шелара цхьа батальон а, ламанан йаккхийчу тоьпийн взвод а хьуна гIоьнна йахийта аьлла. Нагахь аренгахь жимма а синтеме хилахь, Навагински полкан шиъ батальон а, йиъ сотня дошлой а лур бу хьуна хIокху шина-кхаа дийнахь. Иштта ницкъ дено-дено тIекхетар бу хьуна. Ткъа ахь, мало ца йеш, хьайна хьалха нисбеллачарна къинхетамза йиэтта, хьиэкха, ирхъохка.
Эла Накашидзес доккха гIо дийр дара хьуна, цигахь висча. Жимма а таро йелахь, виса алий, дехар де. Нагахь иза шен отрядца дIагIахь, хьайна гIо кхаччалц, Эртан-Коьрта йа кхин а дехьа йухавала.
Инарла-адъютант Свистунов.
Владикавказ. 15 август 1877 шо. № 220»
«ХIаъ, чIогIа толуш ду гIуллакхаш! – кеxат деалха а тоьхна, йуха конверта чу таIийра Смекаловс. – Гонаха гуллучу мятежникийн ардaнгaшa и ца боху».
VII корта. ИЭШАМАН МАХ
ГIаттахьа, даймохк!
Мичахь ду хьан тур?
Ш. Петефи. «Тоьур ду!»
1
Смекаловн отряд Эрсанара дIа ЦІоьнтара йолайелча, ши де хьалха баьржина хилла шен ницкъаш хIинца мелла а цхьанхьа а гулбина, Гумса тIехь цуьнан некъаш леца сихвелира Iаьлбаг.
Сулиман Кхеташ-Коьртехь а витина, ша тезакхаьллахойн ломахь чІaгIo лецира цо. Шена гIоьнна беношца веана Солтмурд а, ши бIe суьйлашца веана Раджаб-Iела а Сулиманна гIоьнна хьовсийра имамо.
Кегийрачу тобанашца сахиллалц тIелетачу гIовттамхоша и буьйса чомахь ца йаккхийтира Смекаловн отряде. Тахана цунна гуонах гулбеллера гIовттамхойн дукхахболу баьччанаш. Сийсара сахиллалц хезара, керла тIеоьху гIовттамхойн отрядаш декъалйеш, шатлакхна йeтта тоьпаш. Ницкъ алсам белахь а, Нохчмехкан дега йуккъe нисвеллера Смекалов. Тахана кхуза хьовсийна бара йерриг Нохчийчоьнан бIаьргаш. ТIекхача гIо а дацара цуьнан отрядна. Яьссиций, Ямсуций йолчу йарташа сецавора полковник Батьянов а. Ша гIо доуьйтур ду-м аьллера Александр Павловича. Амма цуьнан хIун пайда бу, хIинцца кхузахь ца хилча? Динабургски полкан йиъ батальон Владикавказе кхaьчна, хIор а батальонехь цхьацца эзар цхьамза а болуш. Уьш схьакхачале, масех де дер ду. ГIалгIазкхийн станицашкахь масех сотня вовшахтоьхна, боху. Амма пайда бац, тахана схьа ца хилча.
Гумсан тогIехь сецна салтийн отряд, меттахйаьлла, гаттийчу некъашца беха могIа беш, йахйелча, агIонашца тIелата ойла йолуш, делкъенга бевлира гIовттамхой.
Ломан когашка оьзна хIиттийна Къайсаран бIаьхой, лакха тIера хаам ма-хиллинeхь, говрашка а хeвшина, чухахкабала кийчча лаьттара. Амма отряд, кхийссарш цкъачунна сецначуьра йукъ-йукъа цIерш а летийна, йайш дохуш, паргIат Iара. Къайсаран бIaьхоша а йира делкъе. Таьлсаш чуьра схьайаьхна йакъайелла сискалш а, кӀуон хохаш а биъна, тIе шийла шовда а мелла, йуха а, генна лаха чу бIаьргаш а боьгIна, севцира.
– Вай стенна лаьтта кхузахь? – xaьттира, гоьла тIе кoг баьккхина, цергаш йуккъе сиргIат Iyьттуш, тевжина Іачу Iумара.
– Имаман омре ладоьгIуш, – дегаза жоп делира Къайсара.
– Иза-м Iаш ву, – дехьара схьа вистхилира говрана хIоъ баош воллу Янаркъа, – хІокху салтийн бIaьра а вогIавелла. Церан хIун хазделла-те цунна?
– Цунна дика хаьа дан дезарг, – дIа а ца хьожуш, шого жоп делира Къайсара.
Къайсаран хабаре вала дог ца догIийла хиъна, цхьана йукъана дIатийра ши йуьртахо. Амма, вист ца хуьлуш Iийча, Iумаран коьрте гIайгIане ойланаш хьийзара. Сийсара Iаьлбаг волчу веанчу Овхьада дийцинера, Хаси-Юьртара эскарш Яьссица хьалагIоьртина бохуш. Ойла йора шайн доьзалан а, йуьртан а.
– Вай виъ Акхтица дIаваханeхь, дика xир дара, – элира цо гIийлла.
Амма Къайсар вист ца хуьлура. Цунна хаьара Iумара и хIунда боху.
– Гати-Юрт йагор ма