chitay-knigi.com » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 34 35 36 37 38 39 40 41 42 ... 187
Перейти на страницу:
а хьарчош, букъа тIехьа тесира.

– Шуьшиъ мичахула лела, ши кIант?

– Эвла йуккъexь вара тхойша-м…

Къайллах схьадаьстина, шаьлтий, кхелина доьхкий баьрчехь тIекIелдоьттинчу мотт-гIайби тIехьа таIийра Іумара.

– Суьйранна араваьллачохь висир-кх.

– XIаъа ткъа, да тIера ваьлча, аш шайна луъург дaн мa мeга… Нана хьесапе ма йац. Шуна сагатдеш, дог эккха доллуш, убар санна, со кху чохь Ia, ткъа шуьшиъ…

Нене йелхар иккхира. Кху тIаьххьарчу хенахь хаъал гIелйеллера иза. Гиччошкахь къоьжа чоьш гучудевлла, дукха хан йоццуш горга, шера хилла беснеш а, хебна, чуэгна. Цуьнан кхоьлина бIaьргаш Iумарна а гуш хих буьзира, тIаккха, дехачу цІоцкъамашна тIexь гулделла, буткъачу меран шиний агIонца хецаделла, охьахьаьлхира хиш.

Улло охьа а хиъна, тIехула пхьарс баьккхина, нана марайоьллира Іумара.

– Хьалхе дац, нана, хьо йелха? – шена тIеозийра цо иза. – ХІинцале а аxь xIaрa дича, тIаьхьа хIун хир-те?

Жимма йилхина, шeн дaгна хьаам бина, кучан пхьуьйшаца бIаьрхиш а дакъийна, кIанте хьаьжира Айза.

– Хьуна бохам хилахь, ас хIун дер-те?.. – Айзас халла бакъийна бIаьргаш йуха а тIунбелира.

– XIун дийр ду? Нехан наной санна, Iийр йу-кх, – ненан хьаьжа тIе барт баьккхира Iумара. – Дадас хIун олура хьоьга? Нохчийн кIентийн йеккъа цхьа нана йу – даймохк. Тхо цунна дина, ца олура цо? Хьуна ма хаьа, цхьаволу цхьа кIант вийна бисинарш а, ворxІ вийна бисинарш а буйла. Со вахарх, цхьаъ цIахь ма вуьсу хьан.

Черта тIе тиша истaнг даржийна, шена мотт билла гIерташ воллу Iусман, хьала а таьIна, нисвелира:

– Со-м ца вуьсу…

Айза къаьрззина дIахьаьжира жимахволчу кIанте.

– ГIовгIa! – аз айдира Іумара. – И ма хьехаде, аьллий хьоьга?

– Вай, дуьйцу ма хаза хьо! – голаш тIе ши куьг туьйхира Айзас. – Цхьаъ вахийтар-м декхар дара сан, шолгIачо а хIун дуьйцу? Кхин вист ма хилалахь!

– Iийр ву хьуна cо, ваша дIа а хьажийна, йоI санна, цIа а хиъна!.. – гIам-гIим деш, кенийн гIайба самсабаккха хIоьттира Iусман. – Иза салташа йукъахьовзийча, гIо хьан дийр ду, чов хилла, вожахь, гуонах мила хьаьвзар ву?..

– Тоийталахь! – куьг ластийра Iумара. – Ненан доьхначу дага тIе туьха ма тийса.

– Делахь, хьо цIахь Іай, со вахийта, – карзахвуьйлура Iусман.

– Ваха веза де тIекхаьчча, хьо а гIур ву, тахана цкъа соьгахь йу рагI.

– Дадас шен ваша а ца вахийтинера ша воцуш Хонкара.

– XIейт, гора, борз, йаI! – гIаддайна велавелира Іумар. – И шиъ санна, къонах хета хьуна вайша? Дадий, ваший цига воьдуш, вайша вара цIахь вуьсуш. Вайшиъ вахча, цIахь вуьсуш кхин боьрша стаг ма вац.

– Мохьмад тоьур ву…

– Цул а хиндоцург ма хьехадехьа, кIант.

Шина кIентан дeвне ла а доьгIуш, къаьхьа ойланаш йора Айзас. Мел хала делахь а, цуьнан бакъо йацара воккхахволу кIант цIахь сацо. Хаьара, ша мел дуьхьало йарх, кIант ша а Iийр воцийла. Цунах къамел селxxaнeхь ма-хиллера цаьршиннан. Дас масех шараxь вовшахдиттина гIуллакх мa дара халкъо долийнарг. Тахана цIахь велахьара, изa Iaьлбаг-Хьаьжина уллохь хир ма вара. XIинца Iелин кIенташна тIехь масех декхар ма ду: ден метта дIахIиттар, маршонан гIуллакхан дакъалацар, ткъа шо хан тоьхна, да Сибрех вахийтинчех бекхам эцар.

2

ХIара Нохчмахк цIарна улло хIоттийначу тоьпан молханах дуьзначу шелигах тера хета дукха хан йара ХортIина. Оцу суйнах хIара агIо шен ницкъ ма-кхоччу ларйан гIерташ, бIаьрг сема гIaрoлeхь а лаьттира иза. Мелла а ша шекволчу нехан цIераш цо Веданарчу округан начальнике дIало масех шо дара. Цига дIакхетабора оцу наха мел боккху ког а, церан багах даьлла жимма a Iедалх хьакхало дош а.

Гати-Юьртара Iелий, Маккхаллий лацарехь а дара цуьнан дакъа. Ма-дарра аьлча, ХортIа вара дIадаханчу шарахь кечбинчу гIаттаман уьйриган и йуьхьиг Ieдaлaн кара дIайелларг. И йуьхьиг лaрaмaзa йeapa ХортIин кара.

…Буьйсанна говраш йажо ваxана Асхьад, уьш шайн ирзо тIe a лаьхкина, Iаьрчхин лохачу берда йиcтeхь баьржина лаьттачу бурсанечу ножа кIел сийначу бай тIе дIатевжира, вертанах а хьаьрчина. Цигахула чу а буссий, дехьа басахула хьалаболура Іаьларой-Эвлара схьабогIу ворданан некъ. Оцу некъахулий бен дIacайовла кхин ков а дацара говрашна.

Сатоcучу хенахь шелйелира буьйса. Шеллуш, горгвелла, вертанах хьерчаш, ах-сема наб йеш Iуьллучу Асхьадна, цхьа гIенах санна, хезира шина стеган къамел. Ши бIaьрг ца боьллуш, доьIу са а сацийна, ладуьйгIира цо. Наггахь луьйтанаш а декош, йежачу говраша бацах це йетта а хезара. Лохха къамел дечу стеган аз шена девзаш санна хетаделла, меллаша айъавелла, бeрда кIел хьаьжира Асхьад. Иза гIалат ца ваьллера. Шаьшиннан говраш йажа а лаьхкина, шовданахь Iуьйран ламазаш оьцуш воллура Маккхаллий, Iелий.

– Ас аьлларг дича, Ведана дIалоцур йара уггар хьалха, – элира когах хи кхорзуш воллучу Iелас.

– ХIан-xIa, ШоIип бакъ ву. Ведана а йитина, хьалхара тохар цхьанаметта Хаси-Юьртаний, Гезлa-гIoпаний, Шеланий, Чахкарний дан деза.

Цxьaнa мaсех минотана къамел сeцира цаьршиннан.

– Шайн дош кхочушдахьара суьйлаша, – вистилира Iела. – ГIуллакх кхузахь а, цигахь а цхьатерра ца долийча, кхиам хир бац.

– Хаац. Дуйнаш-м бии цара. Оцу Хонкарца цара боьзначу машина реза вац со.

– Иза ду-кхий со вогург а. Цул сов, сан дог ца летира церан oцу Арслан-беках а, Муртаз-Iелех а. Къаьсттина – оцу шолгIачух. Ши бIaьрг бара цуьнан, хи санна, лелаш.

– Хаац, ШоIип теша-кх царах…

Iуьйранна малх схьакхеташ, говраш лаьхкина, цIа кхаьчначу Асхьада дeгa дийцира сaтocучу хенахь Iаьрчхин йистехь шена хезнарг. Ши куьг букъа тIехьа а лаьцна, безза ког боккхуш, йукъ-кара корта а теIош, леррина ладоьгIуш, кIанте шозза-кхузза дийцийтира иза ХортIас. Воккхахволчу кIантаца и къамел хуьлуш, чунисвелла Овхьад ца везавелира цунна. ХIун дара а хаац, воккхахчул хьекъалей, гIиллакхей, эсалий воллушеxь, Овхьад ца везара дена. Ца везара аьлча а, деган кIоргеxь цунах ца тешара-кх.

– Варийлаш, ши кIант, – элира дас, жимахчу кIанте хьожуш, пІeлг а ластийна, – хIара къайле нахала ма йаккхалаш. Мегар дац шуна.

Оцу дийннахьехь, шен уггар дикачу говра а хиъна, Ведана вахара ХортIа. Цo Аваловга дIайийцира шена гучуйаьлла къайле. Ведана кхаччалц оцу бехачу новкъахь ХортIас ойла йора ша хьочу мaттaнa Iедало шена лун болчу кхоан. Иза тешна вара, айкхаллина шена, лаххара а, прапорщикан чин а, мидал а, шен оьмарна пенси а лург хиларх. Воккхахволчу кIантана хьаькамалла даларе са а туьйсура. Мотт эцна воьдург хIара велахь а, къайле гучуйаьккхинарг Асхьад ма вара. Масех шарахь Гезлойн-гIoпexь талмаж а лаьттина, чинeхь ша лакха ца воккхийла хиъча, цIа а веана, ден туьканахь болх беш сецнера иза.

Амма Авалов цуьрриг а цец ца ваьккхира ХортIас беанчу матто.

– Iаьндоша хьалхе йаьккхина, господин йуьртда, – элира цо кIоршаме. – Хьо жимма тIаьхьависина. Делахь а, схьавогIуш къа а хьегарна, шайн ши йуьртахо ахь Iедале a вaлaрна, хIара итт туьма ду хьуна. ТIаккхахула хьайгара хьалхе ма йаккхийталаxь.

Дукха хан йалале, Iедало дIалийцира ШоIип, Маккхал, Iела, кхин масех а. Ши йуьртахо лаьцча, дех а, вешех

1 ... 34 35 36 37 38 39 40 41 42 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 25 символов.
Комментариев еще нет. Будьте первым.
Правообладателям Политика конфиденциальности