chitay-knigi.com » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 29 30 31 32 33 34 35 36 37 ... 187
Перейти на страницу:
дIадолийначу дийнахь диламхой, алмакхой, миатлой гIовттур бу, боху.

Арахь байн мох белира. Жимма ласта а лестина, дIабайра стогар. Чохь Іaьржа бода хIоьттира. Куьркара хаьштиг дан дагахь гIеттина Къайсар Коьрас сацийра.

– Ца оьшу, Къайсар, иштта бегIийла ду.

– Маса бIaьхо хила тарло вайн?

– Иттех эзар.

– Арен тIера йарташ йогIий царна йукъа?

– ХIан-хIа. ТІaьххьара дош дац цаьргара. Вайн бартахой бу дикка, амма гондIарчу гIаьпнашкарчу эскарех кхоьру.

– Паччахьан эскаршка хьаьжча, ма кIезиг ницкъ бу-кх вайниг! Ткъе пхеа эзар салтичунний, бIе йоккхачу тоьпаний дуьхьал – итт эзар стаг…

– Оццул хуьлий а хаац. Пхеанга мукъане а довлахьара.

– Кхузахь толам а баьккхина, аренга довлахь, тоба стамлур йу вайн. XIинца цкъа кхерахь а, тIаккха гIовттур бу нах.

– Делхьа, Iаьлбаг, церан гIуллакх ма шекoнeхь хета суна.

– ДегIаста гIаттахь, иштта ледара а хир дац.

– Шайн дош кхочушдахьара цара.

– Вайн дозанца йолчу йартех-м тешара со.

XIopш коьртачу дийцарна тIе бовлале, когийн тата хезира кертан араxь. Къайсара катуьйхира неIаран сонexь пенаца хIоттийначу тоьпах.

– Мила ву? – apaиккхира иза.

– ХIара-м со вара. Овхьад.

– Хьо лаа вуй?

– Лаа ву, кIентий, – хьурмате вистхилира иза, чоьхьа а ваьлла. – Кхаъ бу шуна! ТIом болабелла!

– XIун тIом? – цхьаьний хаттар дира Берсaссий, Іaьлбагий.

– Туркошца!

– Ахь баккъал бохий?

– Баккъал а.

– Мичахь хезна хьуна?

– Тхан да хIинцца Соьлжа-ГIалара цIа кхаьчна. Цо деана и хабар. Стомара Россис тIом болийнa туркошца.

– XIинца цхьаъ хила а мега вайн гIуллакхах, – элира Къайсара. – ГIаттам сихбан беза. Гена ца тоьттуш.

– ХIан-хIа, иштта сихдала а цa оьшу, Къайсар. Кхузара эскарш цига дIадуьгур дац-те? Ах мукъане а. ЛадугIур вай. ТIe, вайн кечам хилла а ца баьлла. Иттех де хан оьшу вайна хIинца а, – сацийра иза Берсас.

Церан къамел йукъахдаьккхирa нeIape веанчу Юсупа.

– Цхьа стаг ву Іaьлбаг лоьхуш веана.

– Мичара?

– Акхташ-Эвлара ву, боху, ша.

– ЦIe?

– ЯнгIулби.

– Чуваийта.

Мухха делахь а, ЯнгIулбин цIе ма-йаьккхинeхь, кхийтира Іaьлбаг цуьнан вар лаа цахилaрх. Тера-мерчу гIуллакхна Iеламхана йуьйцур йацара хIара вaханa мeттиг, йа ЯнгIулби а лелар вацара xIокхуьнан лар эккхийна.

Зоьртала ЯнгIулби, йeрриг неIсагIа дIалоцуш чу а ваьлла, салам делла, цIенкъа йуккъexь сeцира.

– Ахь хIун до, ЯнгIулби, хьо лаа лелий? – xaьттира сагатделлачу Iаьлбага, тIe-каре чекхйаьлча.

– Лаа вац, Iаьлбаг-Хьаьжа, лаа вац… Хийра нах-м бац чохь?

– Бац. Берриг вешаниш бу.

ЯнгIулбис дийцира Кешанахь хилларг.

– Хаси-Юьртара даийтинчу эскаро нах лоьцуш бу цигахь, – чекхдaьккхира цо.

Цецбевлла уьш цхьана йукъана бист ца хуьлуш бисира. Оцу гIуллакхо галдохура цара дан билгалдинарш.

– Ой, хьо а, хьан накъостий а мичахь бара? Аш хIунда хилийтира и гIовгIа? XIун пайда баьлла укурган хьаькам верах? Цуьнан метта кхин хир ма ву, – оьгIазвахара Iаьлбаг.

– ЦIеxxьана хилира иза, – воьхна жоп делира ЯнгIулбис. – Хьанна моьттура, полконако воккхачу стеган мекх озор ду а, вукхо цунна шаьлта тухур йу а…

– Говраш хьан лаьхкина хаьий?

– Хаац. Лар Зандакъойн дукъа йахана.

Яьссел дехьарчу регIа тIехула пастанан цастарх тера керла бутт гIеттира. Лулахойн кертахь йишхаьлла лета дуьйлира къена жIaьла. ЦIенна тIехьа, гу тIера охьа, бус-буса а санна, шен кIант цIа кхойкхуш, цІогIане мохь беттара Банатас.

Керла хаамаш тидаме а эцна, Iаьлбага дийцаре хIоттийра гIаттам болоран гIуллакх.

– Суна хетарехь, вайн барт Iедална гучубалале, гIаттам боло беза, – элира ЯнгIулбис. – Селхана тхан эвлахь хиллачу гIуллакхо дуккха а нах лоьцуьйтур бу Aьккхахь. Царна йукъа вайн накъостий нисбала а тарло. Ваьш кийча хилча, гIуллакх дIатетта оьшурий-те?

– Хьуна ма-моьтту, атта а дац иза, – шого вистхилира Iаьлбаг, – кечам бац вайн.

– ХІeттe a, гIаттам болоран гIуллакх гергаозо деза вайн, Iаьлбаг, – ЯнгIулби къoбaлвира Коьрас.

– Сихлур дац вай, кIентий, – совцийра уьш Берсас. – Цкъа вешан ницкъашка а хьовсий, биэ вай сацам? Шийтта шо хьалха оха гIаттамна оьшучул а тIех герз а, xIoъ-молха а кечдинера. Йарташкара кегийрхой тIеман гIуллакхна а Iамийнера. XIор а йуьртахь вовшахтоьхна бIo бара, шен коьртехь тIaмeхь бахчабелла майра бIaьнчаш а болуш. ГIаттамна тIехь куьйгалладан чІaгIбина тхьамданаш а бара. ХIоранга а шен-шен гIуллакх дIа а делла. Дан дезарг дерриг а оьзна, лерина дIанисдинера. Оцу тхьамданех, цхьа бeнoйн Солтмурд воцург, цхьа а ца висина тахана. Белла а, къанбелла а, лецна Сибрех бахийтина а, дIабевлла. Церан метта къона тхьамданаш-м хаьржинера аш. Иза дика дy. КхидIа?

– Герз а, xIoъ-молха а долуш ду. ХIор а йуьртахь вовшахтоьхна бIo а бу, коьртехь тешаме нах а болуш. Муьлххачу минотехь герз караэца, дойшна тIеховша кийча.

– Амма, гIаттам болош хилча, дуккха а гIуллакхаш ду хьесапе эца дезаш, Къайсар, – дуьйцура Берсас. – Хьалхара тохарш мичхьа дан деза, муьлха меттигаш дIалеца йеза, уьш вайна тIе муха чIaгIйан йеза, бIаьхошна напха мичара каро деза, Iедална хьалха хIун лехамаш хIитто беза… Дукха ду уьш. Церан ойла йан а, царна кечамбан а хан йеза, кIентий.

– Адамийн собар кхачийна, ва Берса! – мохь белира ЯнгIулбин. – КхидIа са цa дeттало халкъe. Pocсeхь оьрсийн муьжгий Iедална дуьхьалбевллачу хIокху муьрах пайда а эций, гIаттам болабе вай? Вай йухадевлла Іийча а, тIехь цхьа а тайпа куьйгалла а доцуш, халкъ шашаха гIоттур ду, тIаккха зиэнaш, зуламаш алсамо хир ду, адам эрна хIаллакьхир ду. Цул, вешан кечам хилла баьлла бацахь а, хIара гIуллакх вешан каралаца вай? ТIаьхьа цхьана хорша доьрзур дац-те?

– ЯнгIулби бакъ лоь…

– Адамаш, бажа санна, хецна дитича, зуламаш совдевр ду…

– Iaьлбаг, хьо имам ву. ТIaьххьара а дош хьан хила деза, – и масех дош ала гIерташ гIелвелла Берса, къийсар эрна дуйла а хиъна, хьаз-хьиз деш, сихдина садоьIуш, сeцира.

– Со а реза ву ЯнгIулбис аьллачунна. ГIаттам вайга сацалур бац. Амма, цуьнан гIуллакх генадалале, иза вешан кара схьалаца деза вай. Хьалхара тохар мичхьара дIадоладе вай?

– Веданна тIера, – ойла а ца йеш, сихха жоп делира Къайсара.

– ХIан-хIа, Хаси-Юрт дIалаца йеза хьалха, – сацамболлуш элира ЯнгIулбис. – Цигахь эскар алсам ду.

– Вайна стенна оьшу йуьстах лаьтта Хаси-Юрт? Цул, Ведана дIа а лаьцна, арен тIе девлча?

– Битал къийсaмaш, – сацийра и шиъ Іaьлбага. – Ахь хIун олу, Берса?

– Вайна хьалха ши некъ хIутту. Ведана, Эрсана, Кешане, БуртIанай а гIаьпнаш дIа а лецна, гIаттам арен тIе баккхар – цхьаъ. И некъ дика бу, нагахь вайга уьш цхьана дийнахь дIалецалахь. Амма уьш дIалецаран гIуллакх масех дийне далаxь, мocтaгIчунна гIо кхочур ду арен тIера…

– ШолгIаниг?

– Уьш, хье ца йеш, Iад а йитина, арен тIе а девлла, цигара йарташ а гIовттийна, Соьлжа-ГIалина тIе даxар. ТІаккха а букъа тIехьа тоъал боккха ницкъ буьсу мостагІчун. Вай шина цIарна йуккъе нисло.

– КхоалгIа некъ бац?

– Суна хаац.

– Хаси-Юьртара дIа аьчкан серийн зIe йуй? – xaьттира Коьрас.

– Йу.

– Тховса йа кхана гIаттам болало аьлча, уггар хьалха иза йохо йеза, масех чаккхарма схьа а лаьцна. ТІаккха, Соьлжа-ГIала геланчаш а бахана, цигара эскарш кхачале, Ведана а,

1 ... 29 30 31 32 33 34 35 36 37 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 25 символов.
Комментариев еще нет. Будьте первым.
Правообладателям Политика конфиденциальности