chitay-knigi.com » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 73 74 75 76 77 78 79 80 81 ... 187
Перейти на страницу:
берш берриг а. Уьш муьлххачу къомах, динeхь белахь а. Цуьнан, Iаьлбаган, вежарий кхин бу. Хьалхарчу дийнахь дуьйна цуьнца халонаш йоькъуш болу миска нохчий, суьйлий, Iaьндой, оьрсийн салти Элса, муьжги Мишка.

ХIара ойланаш тховса ма гIайгIане йу цуьнан! Догдиллар ду-те? Йа къонахалло дIатаса воллу-те? Йа зудчун бIaьрхиша дог кIаддина-те? ГІуллакхаш вуон-м, дера, ду, догдохийла а йоцуш. Амма чІeIa оьшуш дац. Цкъа вина, цкъа лийр ву. Цуьнан ницкъ ца кхаьчна дисинарг тIаьхьено чекхдоккхур. Цхьа а ца лазош, цхьаннех а цIий ца долуш хир ма йац халкъана маршо. Иза а, и санна, эзарнаш хIаллакьхилaрх а, халкъ дуьсу. Халкъаш дуьсу. Хьанна хаьа, мацца а цкъа, цхьабарт хилла, гIовтта а ма мега уьш. Кхетаме даьхкича. Цхьа, и саннарш боцуш, хьекъале нах коьрте хIиттича. Амма гIуллакхаш вуон ду. И дена неIалт хилaрш, туркой жимма а хьалха гIортахьара, ах мукъане a кхузара эскарш царна дуьхьал дига а мегара. Амма уьш цкъа а ца тоьлла оьрсел. XIинца толлане а тоьлур бац… Цхьаъ къyьйсу хир ду-кх цара а. Мискачийн дуьхьа-м ца къyьйсу хьуна цара. ХІокху паччахьаша лелочунна тIаьхьакхиъна вер вац. XIop a вoллу дерриг дуьне дIакхалла гIерташ. XIop а ву ша-ша бехказвуьйлуш. Кхин бехке веш.

Эрзан къолам шекъанна чу a Iоьттина, тептарна тIе хьалхатаьIира Іaьлбаг.

«Вежаршка гиххошка салам-маршалла!

Вайн халкъана тIехь паччахьан Iедало латточу Iазапах, харцонах иза маьршадаккха гIевттина тхо. Iазап цхьатерра хьоьгу вай, амма, цунна дуьхьал гIевттина, тхан дакъалоцурш кIезиг хилла. Iедалан йалхоша, цунна бохкабеллачара цхьадерш Iexийна шу, дисинарш – кхерийна. Дуьхьалойаро биэн эшор йац харцо. Шу дийшина а Iаш, наха маршо йохьур йац шуна. Тхан цIий Iенош, йуьстах лаьтта шу. Шайн йарташкарчу тхьамданашца цхьаьна Ieдална дохкаделла-те шу, йа шун дегнаш чу кIиллолла йоьсcина-те? Мича йаханa нохчийн иллешкахь йуьйцу гиххойн майралла, къонахалла? Вайн йукъарчу гIуллакхна шайн синош дIадала севццачу вежарша орцах кхойкху шу. Кхо дe дaьлча, тIаьхьа хир ду шуна. ТІаккха кхузахь буьсучу жоьра зударша, байша неIалт кхайкхор ду шуна.

Симсaрaрчу Олдаман кIант, имам

Iaьлбаг-Хьаьжа»

Йаздинaрг лeррина йуха а дешна, тептарна тIера меллаша схьадaьккхина кеxат йуьстах a диллина, шолгIачунна тIевирзира Іaьлбаг.

«Тхан къоман вeжaршка – нохчашка, гIалгIашка.

Бутт хьалха Iедална дуьхьал гIевттина тхо, дуьненaн дaьхни лоьхуш а ца гIевттина. Тхуна оьшург, оха лоьхург нийсо йу, берашна мижарг а бу. БIарзделла гIевттинчу тхуна гIодаран меттана, тхан цIий Іано даьхкина шу. Шаьш хьанна гIуллакх до ца хаьа шуна? Аш ларбийраш паччахьан инарлаш, хьал дерш ма бу. Цара, Iехийна йа кхерийна, арадаьхна шу. Тхох вийна йа лаьцна валийначу стагана тIера йал лур йу, ма аьлла, шуна. Тхуна дуьхьал инарлина гIуллакх динчунна йал хIоттийна шуна. ЦІийх дуьзна ахча ду аш оьцург. Цунах дезар эца дохку шу? XIунда дохкаделла шу? Эхь хIунда до аш вайн къомана? Шyьгара йамартло йаьлла ма цa Ia, axчанах шайн вежарий байъa мa дaьхкина шу. Шайн дегнаш чуьра шайтIа дIаэккхаде, йамартло дIайаккха. Шайн куьйгex цIий кхетале, йухадовла. Йухaдoвлий ца Iаш, тxox сxьакхета. Хаалаш, шен халкъана дуьхьалваьлларг йамартхо вуйла.

Симсaрaрчу Олдаман кIант, имам

Iaьлбаг-Хьаьжа»

3

Iaьлбагна шера хаьара, ша гуонна йукъахьарчош вуйла. Инарла Свистунов Шелахула схьа ма-веллинeхь, хиънера цунна иза Нохчмахка мича Iалашонна вогIу. Подполковникан Григорьевичан отряд Яркхсуца хьала зандакъа йан кечлoйлa a xиира.

Амма Iaьлбаган дуьхьало йан ницкъ бацара, цундела цо сацамбира, нагахь кхузахь вала дезахь, шен а, накъоcтийн а синош безачу мехах дIадала.

Шеца висина бIe гергга суьйлий а, церан эхханал нохчмахкахой а, цхьа салти а, Симсарара берриг бахархой а йурт чІaгIйан арабехира цо. Ишхой-Ломан агIoнгахьара кхерам бацара. Къовла безаш берг Диламера охьа а, Зандакъара хьала а богIу ши некъ бара. Некъашна шина а агIор долу дитташ, хедош, дуьхь-дуьхьал охьа а диттина, и ши некъ ваьлнашца дIакъевлира цо. Йуьртана гуо тосуш, лекхачу бердаш тIехула caьнгарш йахийтира, дуьхьал ханнаш а дохкуш.

Са ца доIуш, белхаш бора зударша а, бераша а. Бахархошна дихкинера имамера бакъонан кеxат доцуш йуьртара арабовла а, арахьара стаг чувита а.

Де делкъенга долуш, дуьхьалчу регIахь девллачу йаккхийчу тоьпийн татанаша цIеххьана болх сацабайтира цаьрга. Зандакъана тIехула дукъа тIехь хьуьнна тIехула йеанхьа сийна кIур айъабелира. КIеззиг хан йукъа а йулуьйтуш, йуx-йуха а дийла дуьйлира татанаш.

– Хьалакхаьчна и жIaьлеш! – йуьстах туй кхоьссира Іaьлбагна уллохь лаьттачу Солтмурда. – Зандакъана хIунда йетта-те, цигара нах-м, yьстагIий санна, эсала Iаш ма бара?

Йиллина дIа шеца лело турмал бIаьргашна тIе а лаьцна, Зандакъ-Лома буьxxье хьежа хIоьттира Іaьлбаг.

– Хаац. Цхьа дан йишйоццург коча Іоьттича, цабевллачу денна дуьхьало йина хир йу-кх зандакъоша а.

Турмал бIаьргаш тIера дIа а йаьккхина, шен гIоьнчий тIе а кхайкхина, царах дагавелира Іaьлбаг.

– Диламера охьабогIучу новкъахь ткъех стаг а витий, бисинчаьрга хIара агIо дIалацийта. XIинца а дикка хан йу вайн, – элиpa Iaьлбага, цаьрга ла а доьгІна. – Зударшкий, берашкий caьнгаршна тIулгаш кхехьийта. БІaьхоша шайн чІaгIонаш дIалеца. Муьлххачу минотана а кийча хила мостагІчунна дуьхьало йан.

Дукха хан йаллале Зандакъара схьабогIучу готтачу новкъахь дошлойн ковра гучуйелира. Уьш гIумкийн милицин разъездах тарбеллачу йуртларйархоша царах хIор а тоьпан Iалашоне лецира. Амма хьалха вогIург, бисинчех схьа а къаьстина, куьйгаш а лестош, мохь бетта вуьйлира.

– ОхI! Молла Нуркиша ву-кх иза! – вевзира иза цхьанна.

– Цуьнца Жанхот а!

Шеца Солтмурд а эцна, хьалхара ха долчу Нуркишина а, Жанхотна а тIевахара Iаьлбаг. Кху тIаьххьарчу шерашкахь къанвелла, азвелла Нуркиша, IаддаргIа санна, хьаьвзинера. Ша деана гIуллакх дийцале цкъа хьалха, шаьш, цхьана тайпана хиларал сов, гена довллаза гергара хилар а, Олдам уггар шена дукхабезачу нахах цхьаъ хилар а хаийтира Нуркишас.

– Тахана тхоьца воцург цхьа а гергара вац сан, – моллин къамел сацийра Іaьлбага.

– Тхо муха хуьлу шуьца, шу Iедална дуьхьал гIевттина хилча? – цIoгIaнe мохь белира Нуркишин. – Бусалба хуьлда уьш, керста хуьлда уьш, – берриг паччахьаш делан лаамца хIиттина ма бу. Паччахьан Iедална дуьхьал гIеттинарг далла дуьхьал ма гIотту…

– И туьйра а дитий, шаьш хIунда даьхкина, дийцал, – сацийра иза Iаьлбага. – Хьоьга ладоьгIуш, эрна хан йойъийла дац тхан. Йуккъехула аьлча, халкъ а ду Делан лаамца лелаш!

Нуркиша къелигваьлла хьаьвзира.

– Оцу Дeлaн мостагIаша йаккхий тоьпаш тоьхна йуьрта. Масех цIа даьгна. Хьайн гIоьнчанашца хьо шайна тIе ца вагIахь, ша йуьртах чим бийр бу, боху полконако…

– Ой, Нуркиша, и хIун ду ахь дуьйцург? – велавелира Солтмурд. – XIинцца ма ву хьо, паччахьаш а, церан Iедал а Делера ду бохуш, ткъа хIинца, уьш Дeлaн мостагIий бу, бохуш воллу!

– Корта хьере хилла, Солтмурд! ТIедуьйлийша Iедална, ма эгийша зударийн а, берийн а къила…

– ДІавала, Нуркиша, осала хабар дуьйцу ахь, – човхийра иза Солтмурда. – Кхуза а веана, тхуна воьлхучул, зандакъой а гIовттабай, тхуна гIоьнна

1 ... 73 74 75 76 77 78 79 80 81 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 25 символов.
Комментариев еще нет. Будьте первым.
Правообладателям Политика конфиденциальности