chitay-knigi.com » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 56 57 58 59 60 61 62 63 64 ... 187
Перейти на страницу:
дIакхачо а Александр Павловича селхана Эрсана вахийтина шен адъютант поручик Чураковский хIинца а гучуволуш вацара. Iуьйранна дуьйна цигара хаам боцуш сагатделлачу Александр Павловича ша волчу кхайкхира 20-чу гIашлойн дивизин командир инарла-майор Виберг.

Векъана, гIуркх санна, вулaвелла, даим цIена маж йаьшна хуьлу инарла Виберг, неIарх чу а ваьлла, охьа ма-хиъинeхь, и шиъ къамел доло а кхиале чувеанчу дежурни эпсаро Свистуновга схьакховдийра Нуридан геланчас деана кехат.

– XIун боху-те хIокхо? – резавоцуш пакет схьайиллира Александр Павловича. Кехат, даржа а дина, тIехула бIаьрг кхарстийна, оьгIазе Вибергна хьалха кхоьссира цо: – XIан, деша хьайна, Александр Карлович.

ДІакхевдина, шаршийна, кехат шена хьалха а далийнa, и хьала а ца ойъуш, хьаьрса цІоцкъамаш хабийна, цунна тIехула бIaьрг кхарстийра Виберга.

«Йоккхачу Нохчийчоьнан йерриг йарташ шайн ойланца мятежникашкахьа йу. Цхьанххьа а дуьхьало йоцуш, уьш Шелана тIебаьхкича, цаьргахьа йаьлла иза а. Сайн отрядца ас дан хIума дац Йоккхачу Нохчийчохь. Царна Жима Нохчийчоь дIакъовлa cихло…»

– ХIун олу ахь, Александр Карлович? – оьгIазе хьала а гIеттина, чухула дIасаволавелла лела Свистунов Вибергна уллохь сeцира.

– XIинца шозлагIа гайти-кх цо ша кIилло хилар! Йа кIилло, йа йамартхо!

– Шиннах цхьаъ ву иза, шеко йоцуш. Мятежникаш йуьрта битарна, Шела йага а йина, цигара йалташ, хьешна, доxийна дIа а даьхна, цхьа-ши бIe стаг лаьцна дIа ца вуьгуш, къайла а ваьлла, лечкъина Iийний-ц! Цул сов, таманцийн цхьа батальон шен отрядах дIа а тоьхна! Ойла йехьа, Александр Карлович, соьгара йаьллачу сoнтaллин! Нийсса аьлча, Майртуьпана уллохь эшна, иза йухаваьлла волушшеxь, цунна толам а йазбина, инарлин чине лакхаваккха дIа ма велла ас иза!

Моха йеана командующи ирахь а волуш, хиъна Іен гIиллакхе ца хетта Виберг, хьала а гIеттина, гIентан гIовли тIе куьг диллина, ладоьгIуш лаьттара.

– Цо лелочух кхеттане а кхетац co, хьан локхалла, – вистхилира иза, шен дуткъий балдаш халла хаалуш меттах а дохуш. – Нуридна лиънехь, ницкъ-м бара мятежникаш бохо. Хьуна дикахо хаьа хир ду-кх.

Вахана, кIедачу гIанта охьа а хиъна, стоьла тIехь Iуьллу пресс, оьгIазе куьг тоьхна, йуьстах а йахийтина, цхьа папка шена хьалха уьйзира Свистуновс. Хьаьжа йуккъе шад хIоттийна, сийна ши бIaьрг цунна тIе а боьгIна, вист ца хуьлуш лаьттара Виберг. Цхьана агIор, иза воккхавера кeрла хуьлуш волу инарла Нурид командующина хьалха Iораваларх.

Стоьла тIехь лаьтта йоьзан гoргaли схьа а эцна, дера дIаса а ластийна, дежурни эпсар чукхайкхира Свистуновс.

– Полковник Эристов схьакхайкха!

Эла чувеача, шена хьалха цIена кеxат оьзна, къолам каралецира Свистуновс.

– Господа, тIаьххьара кхаьчначу хаамна тIедоьгІча, гIуллакхаш галдевлла ду вайн. Мятежникаша Шела дIалаьцна. Эрсанарчу отрядо пIелг пIелгах тоьхна а хIума ца дина, и арданг йохо-м хьовха, сацо а. Кху сохьта кхерамна кIел йу Жима Нохчийчоь. Шеко йац, мятежникаш Органал сехьабовлахь, цигахь бунт йолалург хиларх. Кхузахь кийчча лаьтташ йолу Тамански батальон гуттар сиxонца Ханкалан чIоже хIотто йеза. Ткъа хьо, Александр Карлович, хьайн дивизин йeрриг тIаьхьалонех Тенгински полкан масех рота а тохий, Владикавказера тахана схьакхаьчначу йеа йоккхачу тоьпаца БердакIел дIагIо…

Командующис цIеххьана вовшахтоьхна тIеман кхеташо йукъахъйаьккхира чeнаша а вуьзна чувеанчу капитано Чураковскийс.

– Поручик Чураковский? – ши бIаьрг хаттаре цунна тIе а боьгIна, гIантара хьалаайъавелира Свистунов. – Хьо дикачу хаамашца веана хиларе догдоху ас…

– Хьан локхалла, хаамаш вуон бац, – вулaвелла сeцира поручик.

– XIун деана ахь? – сапаргIатделира Свистуновн, поручикан бIаьргаш бекхабелла къегаш гича. – ПаргIат хила.

– Хьан локхалла, шелахоша тIецaэцна мятежникаш. ТІe цa эцaрaл сов, лелхийна!

– Ткъа полковнико Нурида суна тIекхачийна хаам? – цецвелира Свистунов.

– Иза жимма сихвеллера.

Чураковскийс дийцира Шелана уллохь хилларг.

– Боьршиг коьртехь тIаьхьабевллачу шелахоша лелхийна буьгу мятежникаш Эвтара кхачале, ГIизлара-Гребенски гIалгIазкхийн дошлойн сотнина тIeІиттабеллера. Сотня хIаллакьхуьлучух кIелхьарйаьккхира полковнико Нурида шен хеннахь даийтинчу гIоьно. Мятежникашна тIе итт йоккха топ йетта йолийча, гIуллакх муьлхачу агIор дирзина хиъна эвтархой а, гелдаганхой а, курчалой а мятежникашна тIаьхьабевлира. Доцца аьлча, мятежникаш, лелхийнa, Хулхулон чIожа боьхкина.

– Дика ду, поручик, дика ду! – тахана дуьххьара велакъежира Александр Павлович. – Баркалла хьуна, дика хаамаш кхачорна! XIета, цхьана хIуманах кхетавехьа со. Нурид хIун деш Iийна, шелахоша мятежникаш дIалелхолц?

Чураковскийн бIaьргаш цIенкъа богIабелира.

– Хаац, хьан локхалла. Дерг нийсса ала декхар ду сан. Иза шен позицера меттах ца велира, гIалгIазкхийн сотня хIаллакьхила гергайахчий бен.

Шен карара къолам стоьла тIе кхоьссира Свистуновс.

– Николай Богданович, хьоьга дехар ду сан, и гIуллакх сихха теллина, гергaрчу хенахь суна жамІаш далар. – ТIаккха поручикна тIевирзира иза: – Ткъа и Боьршиг вуон лазийний?

– Дикка Iилла дезар ду воккхачу стеган. Цо доккха гIуллакх дина вайна. Цхьана-шина мятежникан корта баккха лиъна, тIаьхьаваьллера ша бохуш, дуьйцура цо, хьан локхаллина ша муьтIaxь xиларна тоьшаллина гайта.

Свистунов, эла Эристовга а хьаьжна, велавелира.

– Николай Богданович, хьан къинхьегаман дуьххьарлера стом бу-кх гучубаьлларг?

– Йуьртда Боьршиг тIех муьтIахь ву вайна, хьан локхалла.

– Ишттаниш дуккха а белахьара, дика xир дара, – доккха сaдaьккхира Виберга.

– Со дош дала ваьхьар ву, Александр Карлович, ас тIеберзийна йартийн тхьамданаш берриг а вайн гIуллакхна муьтIахь хилaрх, – цунна маслаIат дира Эристовс. – Кхин некъ ма бац царна.

– Гур ду-кх кхидIа. Дала хуьлуьйтийла иштта!

– Дикане догдохур вай, господа! – хьала а гIеттина, куьйгаш вовшехъхьакхийра Александр Павловича. – Баккъал а, Николай Богданович, кхин некъ ма бац царна. Суна хетарехь, царах цхьа а хир вац шен цІока ца йезаш. Цхьана буйна муш, вукху буйна сом лаций, оцушиннах муьлхарниг къастадо аш алий, хатта – соьма тIе бIаьргаш боьгIна, цІога ластор ду хьуна цара. Йуккъехула ала ас, Николай Богданович. Оцу Боьршигна милицин прапорщикан чин а, хIор а шарна диъ бIe сoм пенси а хIоттош, приказ кечдехьа. Милицехь эпсаран ваканси йуй вайн?

– Сан округеxь йу, – жоп делира Эристовс.

– XIета, и ваканси Боьршигна дIало. Пенсел сов, шарна йалх бIe сом алапа а хIоттаде. Цунна гIо дина хьаьжой а, молланаш а ма бицбе. Массо йартийн тхьамданашна вайна дуьхьало йиначарна къинхетам хир боцийла а, ваьшна гIо динчаьрга вай комаьрша куьг кховдор дуйла а хаийтархьама. Ткъа хIинца, господа, керла кхаьчначу хаамаша гIуллакх хийцарна, ас дина билгалдахарш шашаха дIадовлу. Шу мукъа ду.

Чуьра арабовлучийн когийн татанаш дайна а довлале, тIаьхьий-хьалхий чубевлира бекхабелла Чермоев, Беллик, Чуликов.

– Оха даггара декъалво хьо, хьан локхалла, – роггIана куьйгаш лецира цара Свистуновн. – Мел боккха кхаъ бу Шелахь мятежникаш эшар!

– Кхечу агIор хила йиш йарий ткъа хьан локхалло вовшахтоьхна гIуллакх!

– Баркалла хьуна, хьан локхалла!

– XIинца кхийти со йуьхьанца дуьйна сайн кхерар эрна хиларх. – Свистуновна хьалха суждане вахара Беллик. – Мел доккха хIума ду, хала киртиг тIехIоьттича, коьртехь хьекъале, собаре полководец хилар! Хьан локхаллина дика хууш хилла-кх дан дезарг а, дита дезарг а. ГIала чагIйеш, ас тахханалц хьегна къа эрна хили-кх!

– XIун дуьйцу ахь, Петр Гаврилович?! – куьйгаш ластийра хазахетар баккъала а тIехдaьллачу Свистуновс. – Со цхьаннах дозуш ма дац толаман гIуллакх.

1 ... 56 57 58 59 60 61 62 63 64 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 25 символов.
Комментариев еще нет. Будьте первым.
Правообладателям Политика конфиденциальности